ГIалгIайн жигархоша "доттагIаллин машенаш хахкар" дIадаьхьна Нохчийчоьнан дозанца
15 машенах лаьтта ковра чекхъяьлла шина республикан дозанца Iохкучу ярташкахула. Цу акцин декъашхоша хаийтина Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь машар а, къепе хиларехьа шаьш хилар а, къаьмнашна юкъахь дов даккха гIертарна дуьхьал хилар а.
Бумматан маьждигехь цара ламаз дина меттигерчу бахархошца цхьаьна.