7 эзар сов гектар латта кхаьчна ГIалгIайчоьнна
Евкуров Юнус-Бека а, Кадыров Рамзана дозанаш къастош бертан куьйгашяздарна дуьхьалбевллачу гIалгIаша республикан коьртачу шахьарахь Магасехь ши кIира хан ю дуьхьалонан акцеш латто. Дозанаш дIасакъастош бина барт боха а бай, мехкан куьйгалхочуьнга дарж охьадиллар тIедожийна гулбеллачара.