Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ЦIавирзина Кадыровна "тешнабехк бина" ши депутат

Нохчийчохь вайна парламентан ши депутат Гаибов Идрис а, Магомаев Шамил а цIавирзина. Цунах лаьцна хаам бинчу "Росбалто" яздарехь, и шиъ "дIоггара дикачу хьолехь вац, амма церан гергарнаш хазахетта бу и шиъ дийна висарна".


Зорбанан гIирсо билгалдаккхарехь, Гаибовн а, Магомаевн а цIерш дIаехира Нохчийчоьнан парламентхойн могIарара. Мангал-бутт чекхболуш парламентан сайта тIехь ши сацам гучубелира. ​


Цу документа тIехь аьлла дара Гаибовн а, Магомаевн а депутатийн бакъонаш совцийна цу шиммо кехата тIехь динчу дехарца аьлла.


 







Дерриг а доладелла республикан полицин лерринчу декъан (ОМОН) буьйранча лаьттина Ахмадов Артур лацарца. Бахначу беттан 16-чохь, шоьтадийнахь, шен машенахь Соьлж-ГIалина гергарчу Пролетарское юьрта чувулуш лаьцна иза. Уггаре хьалха вевзара нахана Ахмадов эстрадерчу "Перезидент" тобан солист хиларца.


2004-чу шеран Толаман Дийнахь (Стигалкъекъа-беттан 9-чохь) эккхийтинчу Кадыров Ахьмадан – Рамзанан ден – меттиг дIалаьцначу Алханов Iалус дарж делира Ахмадовга.


Кадыров-жимханиг Iедале веъча (2007 шеран Охан-беттан 5-чу дийнахь нисделира иза), цIеххьана юьйхира омонхочун карьера.


Оцу муьрехь леллачух тера ду Ахмадов Алхановн гонца шен хиндерг къастош. Хиндерг къаста ца делла, амма кадыровхоша шайн "Iаьржачу тептара" язвина иза.


Ахмадов сацийначул тIаьхьа, юкъа зама ца юлуьйтуш, лаьцна махкарчу парламентан кхо депутат – Ичкерин тIеман министр Iийна Ханбиев Мохьмад а, Гаибов Идрис а, Магомаев Шемал а (царех лаьцна "Кавказ.Реалиис" шуьрра дийцира хьалхо).


Гарехь, цхьана хенахь лецна массо а.


Оццу дийнахь Ханбиев дIахецна, амма цуьнан ши белхан накъост, тхан хьостанаша чIагIдарехь, висина "евзашйоцчу структурийн " карахь (иштта олу Кадыровн куьйга кIел болчу Нохчийчуьрчу массо а ницкъхойх). Тешаша дийцарехь, ницкъхоша йиттина лецначарна, церан 2007-чу шарахь Алханов Iалуца леллачу юкъарлонийн дуьхе кхиа гIерташ.


Амма билггала хIунда лаьцна хилла ши депутат, мичахь латтийна и шиъ, дIа хIунда хецна хуущ дац.


  

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus