ПроУфу: Шен йоIанна кхерамаш тесна, боху Темясоворчу яхархочо
Гезгмашин-беттан 30-чу буса Темясовохь дов даьлла леттера меттигера бахархой а, цу эвлахь болх беш болу нохчий а.
Цхьана версица дов доладелла хилла шаурма юхкучу кхачанан хIусамехь. Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша, вовшашна тIе а тевжаш, яздо цу чу хIума кхалла бахана хилла нохчий "кIоршаме бист хилла цу чохь мах бечу йоьIе, цунна тIе йий а тухуш, уьрсаца кхерамаш а тосуш".
Цу йоIа полице латкъам бина. Цул тIаьхьа социалан машанашкахь цунна кхерамаш тесна, боху цуьнан нанас. Цо дийцарехь, хIинца цуьнан йоI лечкъина ю.