ДIасаделлачу латтанех вистхилла гIалгIайн премьер-министр
Нохчаша гIалгIашна дIаделла 2 эзар гергга гектар латта, оццул баоамашкахь латта Нохчийчоьнна а дитина ГIалгIайчоьно. Нах чохь беха цхьа юрт дIасаелла яц.
Юьртабахаман министро Галаев Хизира билгалдаккхарехь, официалехь Магасо Нохчийчоьнна Малгобекан кIоштара I эзар 290 гектар оху латта дIаделла. Соьлжа-ГIалано Теркйистан кIоштара лаьттан дакъа а, 600 гектар даьхнийн дежийла а дIакховдийна.
Сунжа кIоштара мехала цхьаъ йолу территори а Нохчийчоьнан далахь йитина, зайл тохар дIанисдеш.