ГIудалкхца бен дIасалелалуш воцучу заьIапхочуьнан Сулейменов Жасланан латкъам листа болийна Астанарчу кхело. Набахтехь хан токхучу хенахь шена ницкъ барна пхи миллион тенге ахча доьху цо Iедалера. Террорхо хиларна бехкевина 8 шо набахтехь даьккхина ву Сулейманов.