Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Хазбиев Мохьмад ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун харжамашкахь кандидат хьалхатеттина

Хазбиев Мохьмадан кхел йоьдучу юкъанна, ГIалгIайчуьрчу шина тобано Оьрсийчоьнан президенте кхайкхамбина, оппозиционер регионан урхалле хIоттавар доьхуш. Социлан машанашкахь шеконашца тIеэцна и хаам.


Маршо Радионо хаамбарца, кху шеран Дечкен-баттахь дуьйна лаьцна ву Хазбиев Мохьмад, бакъо йоцуш герз лелорна а, Iедалхойн сийсазбарна а аьлла, бехке вина. ТIаьхьо социалан тобанашкахь гамо, цабезам гIаттийна цо аьлла, кхин цхьа бехк а хьарчийра цунах. Адвокаташа дийцарехь, Хазбиевс бехкаш тIе ца дитина, шена дуьхьал долийна гIуллакх политикан бух тIехь ду аьлла, дIахьедо оппозиционеро.


Байначу беттан 9-чохь 50 гергга инициативан тобанхоша ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун харжамашка кандидат хьалхатеттина Хазбиев Мохьмад, даредо юристо Хаутиев Багаудина. Цо бахарехь, оцу тобан юкъахь бу доккхачу декъанна, юкъараллийн организацийн векалш а, "Репрессеш лайначу къаьмнийн Союз", "Шун бакъо", "Кегийрхойн организацийн Союз" боламаш а.


Хазбиев Мохьмад ГIалгIайчоьнан куьйгалле воьхуш куьйгъяздар вовшахтоьхнарг юкъаралхо, публицист Албаков - Мяршхи Руслан вара. Дахначу шинаридийнахь Фейсбукерчу шен пена тIехь Путин Владимире диллина кехат зорбане даьккхинера цо, мехкан урхалхо хоржучу хенахь, къоман лаам а тидаме эцар тIедожош. Албаков-Мяршхина хетарехь, цкъачунна Москохан а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун администрацин а реакци яц, делахь а публицист саготта ву, меттигерчу Iедало карзахе гIулчаш яхарна а, туьтмIаьжгаш йоьхна нах чулелхарна а.


Маса стага кехатна куьйгаш яздина, вовшахтоьхна дац шаьш, социалан машанахь йолу жигаралла тергалйича, 3000 сов стага куьйгаш таIийна ала тарло аьлла Албаков-Мяршхис.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus