Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Бехкбоцуш лаьцначу шайн кIантана орца доьху ХасаевгIара

"URA.RU"  хьостане орцадехна, Екатеринбургера вахархо вийна аьлла, шеконашца лаьцначу Веданан кIоштарчу 37 шо долчу Хасаев Мовсаран вашас.


"Сан ян чIагIо ю, Уралехь шен дахарехь цкъа а Мовсар хилла цахиларх. ШолгIа делахь, иза заьIапхо ву. Кхиазхо волчу заманчохь хенан даьIахк каг а елла, цул тIаьхьа даьIахкаш нийса ца хиттаелла цуьнан. Оцу бахьанашца, букъсурт сеттина ву иза, ишта цхьа ког вукхул а ялх сантиметар боца бисина сан вешин. Тешаша даредарца, киллер тIе а ведда, цунна тапча а тоьхна, ведда. Ткъа водийла дуй цу кепара стаг? Цул совнах, и лазор бахьанехь Паркинсонан цамгар а гучуяьлла цуьнгахь, куьйгаш эгадо Мовсаран. Хьан лоцур ву стаг вен и санна волу инвалид?", - дийцина "URA.RU" хьосте лаьцначу Хасаев Мовсаран вашас Шемала.


Цул совнах, Шемала тIечIагIдарца, цу деношкахь цуьнан ваша цIахь хиларна бIе гергга теш ву. ЦIахь, арахь, балхахь, тезетахь а иза гина нах бу. Шен ваша бехкевеш, Екатеринбургера хаам хилча, иза лоцуш чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс Алаудинов Апти вара боху Хасаев Шемала.  


"ХIетахь цунна ца хаьара ма-дарра, кху деношкахь Екатеринбургехь хилла иза, шен коллегашца дийцарш а хилла цуьнан", - дуьйцу Хасаевс.


"URA.RU" хьостано яздарца, 2011-чу шеран бIаьста  Екатеринбургехь Белинскийн урамехь герз тоьхна вийра криминалан гонашкахь вевзаш волу Арутюнян Ашот.


И зулам къастоза дуьсу дуккха а шераш дара, стохка аьтто хилла полисхойн киллер мила ву хаа.


Кху шеран Дечкен-баттахь Устрада-гIала а баьхкина, меттигерчу ОБОП-н белхахошца цхьана лаьцна, дIавигина Хасаев Мовсар.


Хасаевна тIехIоьттина Нохчийчоьнан омбудсмен Нухажиев Нурди.


Хасаев Мовсаран адвокат хила ша реза хилар дIахаийтина журналисто, адвокато Гериханов Хожас Фейсбукерчу шен агIон тIехь.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.


Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus