Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Бакаев Зеламха вайна шо кхаьчна

Кхааридийнахь шо кхечи нохчийн иллиалархо Бакаев Зеламха Соьлжа-ГIалахь вайна. Нохчийчуьрчу Талламан комитето, цуьнан ларх шаьш ца кхета аьлла, даредина.


Цхьа шо а ду Бакаев Зеламха тIепаза байначийн тептаре ваьккхина. Стохка аьхка шен йиша маре йоьдучу юкъахь даймахка веанера, Москох веха Зеламха.




Шен гIуллакхашна гIали юккъе вахначуьра юха ца веанера иза. Масех верси лийлира иза варан хьокъехь.


Цхьаболучара тIеман барзакъ доьхначу наха машен чу а тоьхна, дIавигина дуьйцура, вукхара деца-ненаца иккхинчу кофликтах ведда олура, ткъа Iедалхоша даккхий ахчанаш тIехьерчийна, уьш дIа ца луш ведда аьлла, даржийра.


Маршо Радиона еллачу интервьюхь, Бакаев Зеламхан нанас Маликас бакъ дац элира, шен кIантана тIехь я нехан а, я банкан а декхарш хилар. Иштта тIе ца дитира цо, шайн доьзалехь Зеламхана тIехула девнаш лаьттина ца хилар а.


Бакаев вайна бутт баьлча нохчийн пачхьалкхан телевизионехь видео гайтира, Зеламхас ша Германехь а ву, дика дIа а тарвелла бохуш.




Амма журналисташа а, бакъонашларъярхоша а и хIоттийна сурт ду аьлла, дIакхайкхийра. Еврокомиссино а цхьана тIечIагIдира, Бакаев Зеламха Европе кхаьчна вац аьлла. 


Стохка Дечкен-баттахь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, Зеламха цуьнан гергарчара вийна хила тарло аьлла.


"Цуьнан дена а, шичошна а ма хаьа дерриг а ма-дарра, хIунда ца хоуьйтуш ду кIентан нене, цуьнах хIунда хьулдина? Шайн доьзалехь цакхетамаш, прооблемаш ю церан… Нагахь цхьа доьхнарг а дина, наркоман цIера веддехь, хIун бехк бу сан а, махкарчу Iедалан а?", - бохуш, хеттаршка вуьйлура мехкан куьйгалхо.


Кху беттан 8-чохь шо дуьзи гоьваьлла иллиалархо Бакаев Зеламха тIепаза вайна.




Маршо Радионо карладоккху кIентан ненаца тIаьххьара хилла къамел.




 


 


 


 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.


Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus