Оьрсийчохь ницкъ бинчу нахана гIо дан акци йолийна бакъонашларъярхоша
Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь дуьйна 15-чу дийне кхаччалц бакъонашларъярхоша, телефонашна хьалха а хевшина, болх бийр бу лецначу нахана ницкъ барх а, ницкъаллийн структурийн белхахоша адамаш дайарх а лаьцна хаамаш гулбеш.
2017-чу шарахь "Зона права" вовшахтохараллан белхахойн аьтто белира эшам хиллачу нехан цIарх Оьрсийчуьрчу суьдашкахь 470 эзар сом а, Европерчу адамийн бакъонашкахула кхелехь 139 эзар евро а ахча даккха.