Цхьаьнаметта маситта стеган зIе латто аьтто бина WhatsApp-о
Цхьаьнаметта аудио а, видео а къамел деш дакъалаца аьтто хир бу 4 стеган. Цу аьттонах пайда эца цхьана стаге WhatsApp тоха еза, цул тIаьхьа тIетоха беза кхиберш, скринан лакхарчу аьтто агIонехь гучуйолу симбол тIе а таIийна.