Кхелахой дуьхьал бу Титиев маьршавалийта
Эхашарна бакъонашларъярхо чохь латто бух бац, цхьа а тоьшалла а дац иза къайлавер ву, я тешашна цо тIеIаткъам бийр бу ала аьлла, дIахьедира кхеташонехь адвокато Дубровина Маринас.
Прокуроран рапортан бух тIехь ша лаьцна латтош ву аларх кхеташ вац ша Титиев а, цунна гайтина дац и документ. Иштта тIаьхьа ца кхуьу иза, прокуроро Байтаевас барта аларца шена шозза чохь вуьтуш хан дIа хIунда яхйо а.
Адвокатийн арз жоп доцуш дуьтуш, Титиев Аюб ГIуран-беттан 22-чу кхаччалц чохь вуьтуш, сацамбина кхелахоша.
Кху шеран Дечкен-баттахь дуьйнна лаьцна ву Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхо Титиев Аюб, наркотикаш лелош хилла аьлла, бехкевина. Титиевс а, цуьнан гергарчара а, белхан накъосташа а цунна наркотикаш кхийсина ю аьлла полисхоша.