Iамеркан мозгIар маьрша ца ваккхахь Туркойчоьнна санкцеш тухур ю Трампа
"ЧIогIа бала хьоьгуш ву и стаг. Бехк-гунахь доцуш, динца лелаш стаг ву Брансон, катоьхна маьршаваккха веза иза", - аьлла, яздо Трампа.
Цу кепара дIахьедар дира президенто, вице - президента Пенс Майка Хонкарна дуьхьал санкцеш яха тарло аьлла, изза дIахьедар дина цхьа сахьт даьллачул тIаьхьа.
"Президенте ЭрдогIане а, пачхьалкхан урхалле а кост ду сан Iамеркан президентан цIарах: мозгIар Брансон Эндрю дIахоьцу аш кху сохьта я кечло оха дуьхьалдокхучунна", - элира Пенса, Вашингтонан пачхьалкхан департаментехь динан маршо ларъечу барамехь вистхуьлуш.
20 шарахь Туркойчохь болх бина Брансон набахте хьажийра 2014-чу шарахь, цул тIаьхьа, терроризм а, шпионалла а лелийна, пачхьалкхан Iедална карчам бан гIоьртинчу тобанашна гIоьналла а латтиийна аьлла, бехкаш дехкира.
Кху беттан 25-чу дийне кхаччалц набахтехь латтийра Брансон, цул тIаьхьа шен цIера дIасавала дихкина латтош ву Туркойчохь. МозгIар набахтера ара а ваьххкина, шен цIахь гурашкахь витар тоаме дац, цунна Туркойчуьра аравала магийта деза аьлла, дIахьедина Iамеркан пачхьалкхан секретаро Пампео Майка.