Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Лецначарна тIехь Iазапаш лелийначу полисхошна хенаш йиттина

ГIалгIайчуьрчу ницкъаллийн структурийн ворхI  белхахочунна Нальчикерчу тIеман кхело хенаш кхайкхийна. Прокуроро ехначул а кIезиг хенаш тоьхна царна.


Экстремизмна дуьхьало латточу Центран (ЦПЭ) хиллачу куьйгалхочунна Хамхоев Тимурна набахтехь даккха  7 шо кхайкхийна (прокуроро 13 шо а, эпсаран майор цIарах ваккхар а дехнера иза). Ткъа цуьнан гIовс лаьттинчу Хандогин Сергейна кхачийна арахь даккха кхо шо (6 шой, полковникан чинах ваккхар дехнера иза).


ЦПЭ-н декъан белхахошна Аспиев Iийсанна а, Безносюк Андрейна а 5,5 а, 3 шо а хенаш кхайкхийна. Прокуроро итт шераш дехнера царна.


16 шо тоха аьллачу Беков Алиханна набахтехь даккха 10 шо тоьхна.


Сунжа-кIоштан полисхойн декъан куьйгалхо хиллачу Беков Мохьмадна 6 шо дехнехь а, тоьхнарг 3 шо ду.


Къайлахчу сервисийн белхахочун Цороев Мустафан 5 шо хан яккха еза набахтехь, дехначу 9 шеран метта.


Маршо Радионо шен агIонашкахь яздира гIалгIайн ницкъахошна тIехь йоьдучу кхелан процессех. Уьш бехкебора нах байарна а, шайн даржех пайда а оьцуш, нахана тIехь Iазапаш латторна а, церан могушаллана зенаш дарна а, ахчанаш дахарна а, харц кехаташ лелорна а.


Бехкаш тIе ца лаьцна царех цхьаммо а.


Полисхоша тIехь ницкъбина аьлла, аьрзнаш динарг вара 10 стаг. Левина цу гIуллакхан хьокъехь 300 теш, 500 талламан барамаш дIабаьхьна.


"Бакъонан зона" сайто бечу хаамашца, Хандогин Сергей виссалц, массо а эпсаран чинех баьхна.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus