ГIажарийчоь дуьхаьл ю Шемара шен эскарш арадаха
Де хьалха Кремлехь Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимимрца цхьанакхеттера Велаяти Iела. Кремло хаамбира, шаьш дийцарединчу хеттаршлахь, Шемара хьал а дара аьлла.
Кеп-кепарчу барамашца, Шемахь эзарнаш гIажаройн тIемалой бу. Цул совнах, Шемарчу президентан агIор тIемаш беш бу гIажарошна муьтIахь йолу Ливанера а, Иракъера а, ОвхIанистанера а тобанаш. ГIажарийчоьнан эскарш Шемахь хилар мегар доцург ду аьлла хета Израилна а, Iамеркана а.
Велаяти Iела Акбар Аргентинан Iедалхоша дуьненаюкъарчу лехамашка велла ву, иза бехкево жуьгтийн центрехь 1994-чу шарахь хиллачу эккхийтарна.