Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Титиев хьокъехь Нойертана жоп делла Кадыровс

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша цецваьлла хилар хаийтина, "Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб дIахеца аьлла, Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан зорбанан секретаро Нойерт ХIизера кхайкхам барна.


Цунах лаьцна Кадыровс яздина шен Telegram-каналехь, хаам бо РБК-но. Кадыровс дийцарехь, Нойерта "ларамаза шена тIеоьцу Оьрсийчоьнан суьдан системан декхарш, Титиев Оюб набахтехь латтор бух болуш дац аьлла" дIахьедар дарца.


Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаккхарехь, Титиев лаьцна ву, цуьнгахь наркотикаш карорна. Кадыровс чIагIдарехь, Нохчийчохь "кхечу меттигашкахь чулла алсам лаам бу цхьана а хӀуманна тӀехь озабезам боцуш таллам дIабахьа.


Кху беттан 18-чохь Iамеркан Пачхьалкхан Департаменто кахайкхам бинера Оьрсийчоьнан Iедалшка, "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб а, ткъа иштта политикан тутмакх лору Сенцов Олег а, Клых Станислав а дIахеца аьлла.


Iамеркан дипломатин хьукматан векло Нойерт ХIизера дийцарехь, Цхьаьнатоьхна Штаташ сагатдеш ю Титиевн а, Сенцовн а, Клыхан а, кхин болчу харцонца чубоьхкинчу нехан кхоллам хьокъехь.


"Оха кхайкхам бо Оьрсийчоьне, синхонца дIахеца аьлла, массо а политикан тутмакхаш лерина я динан бух тIехь чубоьхкина нах", - аьлла ду Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан сайта тIехь.


Наркотикаш лелийна аьлла лаьцна волчу Титиевн бехктакхаман гIуллакх Iедалша шаьш кхоьллина ду, аьлла хета Пачхьалкхан Департаментана.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus