Муцураевн эшарш бахьанехь гIуда тоьхна Нохчийчуьрчу кхаа вахархочунна
Прокуратуро таллам бинча гучудаьлларг ду и эшарш яржор Оьрсийчохь дихкина хилар. Делахь а бехкебиначарна иза хууш ца хилла. Иза къаьстина суьдехь.
Муцураев кхолларалла езачу кхаа стага дуьйцур тидаме ца оьцуш, суьдхочо 1500 сом гIуда тоьхна царах хIоранна а.
"Кавказский" узело бинчу хаамца, цу кеппара бехк а буьллуш, лаххара а 16 стагана таIзар дина Нохчийчохь кху тIаьхьарчу шина шарахь.