Евкуровс шена шарахь тIедогIучу рицкъанах хаамаш зорбане баьхна
ГIалгIайчоьнан куьйгалхочунна 2017-чу шарахь тIедеанчу рицкъан барам бу 2 миллион 419 эзар 925 сом 62 кепекаш. Мехкан куьйгалхочун зудчо пайда бина 242 эзар соьмана.
Машенаш яц Евкуровн. 247,4 еакIов метар петар а, 420 еакIов метар коттедж а ю цуьнан долахь. 247, 2 еакIов метар йолчу петар чохь цуьнца цхьана беха куьйгалхочун доьзал: хIусамнана а, кхо доьзалхо-кхиазхо а.