Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Асадан гIопан кевнехь лаьтта ДАIИШ

Оьрсийчоьно новкъарло йина Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин Кхеташонна Шемарчу бахархойн бакъонаш йийцаре яхка. Оццу дийнахь Асадна хиина, мел хала ду дуьнено шена тIекарло еш ца хилча.


Кхерамзаллин Кхеташо дагахь яра шемахоша лов бала бийцаребан. Реза яра къамелдан Франци, Британи, Iамеркан Штаташ, Швеци, Полша, Перу, Кувейт. Амма Оьрсийчоь а, Китай а дуьхаьлъелира, вето тухуш. Царна тIехIоьттира Казахстан а, Боливи а.


"Кхерамзаллин Кхеташоно тахана йийцаре йийриг адаман бакъо яц, цундела тхуна бахьана ца го уьш хьехо. Оцунна тIехь леррина болхбеш Женевера адамийн бакъонашкахула йолу Кхеташо ю", - элира шен позици йовзуьйтуш хьукматехь Оьрсийчоьнан векало Кузьмин Геннадийс.


Адамийн бакъонаш листа Оьрсийчоьно доьхккучу дийнахь иза верас лаьттачу Шемин диктаторан эскаршна цIеххьана тохардира ДАIИШ-ан бIаьхоша. Демаьшкара Ал-Къадам олу дакъа а лоцуш, Асадан гIопана гергакхаьчна уьш, резиденци тIекхача ца юьсу ялх чаккхарма бен.


Демаьшкахь Ал-Къадам ша цхьаъ хилла а ца Iа даIишхойн карахь – массийтта шо ду цара уллера ал-Хьаджар ал-Асвад кIошт а, палестинахойн-мухIажирийн куп Йармук а шайгахь латтае. Позицеш лаьтта даIишхойн гергарчу Тадаман кIоштахь а.


ХIун деш бара Асадан ницкъаш ДАIИШ-о Шемин коьртачу шахьаран дакъа дIалоцучу муьрехь? Муха аьтто балла террорхойн шаьш кхераме буйла юха а дIахаийта?


Iедалан эскарш а, царна гIо деш болу Оьрсийчоьнан, ГIажарийчоьнан ницкъаш а доккхачу декъанна лаьтта Демаьшкана уллерчу Малхбалерчу Гутехь (цигахь, Шемарчу бакъоларъярхоша бечу хаамашца, тIаьххьарчу шина беттачохь велла 1500 стаг).


Асадна шен шахьарна гергахь Iен даIишхой новкъа бацара стохка а, лурчах а, ша а, курдоша а, дуьненаюкъарчу коалицино а динчу тохарша Алеппо цаьргара яккхалц. Цу тIе, ДАIИШ-ах ца леташ, демократи лоьхучу Гутерчу оппозицех лийтира Асад.


ХIора сантиметр долаерзор ю ша, олура Асада кест-кеста. Гарехь, Путина а санна, цо а лоруш хиллачух тера ду ша ДАIИШ эшийна ваьлла. Амма хIинца даIишхой хоуьйтуш бу Асадна ша галваьллийла.


Ал-Къадамера оппозици лаьллира Iедалан эскарша, амма тIелетира толамхошна ДАIИШ, Асадан ницкъех велира 36, лазийра иттаннаш, хаамбо меттигерчу бакъоларъярхоша.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus