Венерчу нохчийн довхаттарехь керла хIуманаш гучудевлла
Цо дийцарехь, и шиъ кафе чу ваьлча цу чохь, хетарехь, цхьаммо хьалххе бензин Iанийначух тера хилла. Ткъа шаьш а бензин доьттарна, эккхар шаьш леринчул чIогIа нисделира, бохуш дийцира цо. Долахо шаьш Iехон гIерташ хиллачух тера хийтира шена аьлла тIетуьхийра бехкевечо.
Нагахь санна цIетаса баханчу нохчел а хьалха пиццериян долахочо цу кхерчахь бензин Iанийна хилар тIечIагIлахь, иза ша ахчанах лаьцна болу талорхой байа Iалашо хиларна жоьпе озо а мега.