Австрин канцлер Москох вахар ца тайна журналисташна
Цхьа могIа тIеIаткъамечу газеташа карладаьккхира цу хьокъехь, Австрин канцлер Курц Москоха вахале масех кIира хьалха австрихойн Iедало Нохчийчуьра бевдда баьхкина мухIажарш иттанашкахь гул а бина, нуьцкъаха Оьрсийчу дIахьовсийна хилар. „Стандарт" газетано хьахийра цу хьокъехь, Оьрсийчуьрчу мехкашлахь адамийн бакъонашца уггаре а чолхе хьал Нохчийчохь хилар. И хьал тергал а ца деш, цигара бевдда баьхкина мухIажарш Оьрсийчоьнна дIабалар Курц Себастьянан урхалла Iедале деъчахьана алсамдалар билгадоккху газетано.
Нохчийн журналист, адамийн бакъонашларъярхо Эстемирова Наташа йиначу дийнахь ша Путинца цхьаьнакхеттехь а, иза цо ца хьахор а гIалат лору журналисташа.
Австрин канцлер Курц Москох цхьа могIа оьрсийн адамийн бакъонашларъярхошца цхьаьнакхийтира. Царна юккъехь "Мемориалан" а, "Голос" олучу организацийн а векалш бара.