Германехь кечбеш бу нохчийн берийн суртийн гайтам
ТIамах а, некъан халонех а, хийрачу махкахь кхоллалучу цхьаллех а, цIахь бисинчу гергарчу нахана сагатдарх а ду цу берийн сурташ. Маршо Радион информацица, меттигерчу цхьана банкан гIишлонна чохь гойтур ду уьш.
Кху деношкахь Малхбузерчу тайп-тайпанчу гIаланашкахь беха нохчий къам дохор дагалацаран цхьаьнакхетарш дIаяхьа кечлуш бу.