Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Microsoft-ера жоп нохчийн лингвисташна эшна ца Iа

Компьютерна нохчийн мотт "Iамо" атта дацахь а, иза хиндерг хиларх теша Соьлж-ГIалара лингвисташ а, программисташ а


Нохчийн мотт компьютере берзорехьа къахьоьгучу Нохчийчоьнан академерчу говзанчаша баржийна кхайкхам тIе а эцна, наха интернетехула дакъалецира кхажтосучу кепехь Майкрософтан администарцига дехар деш.


"Майкрософтан программашкахь нохчийн меттан нийсаяздаран дошам хилча вуно дика хир ду", аьлла, Word-ан официалерчу агIонтIехь кхаьжнаш тесира 11 эзар нохчочо а, церан аьтто хилча хазахетачу кхечу къаьмнийн векалша а.







Оцу терахьна тIе а тевжаш, нохчийн меттан нийсаяздаран пакет Microsoft Office-н декъайигар доьхуш Нохчийчоьнан академин президенто Гапуров Шахьруддис бутт хьалха кехат дахьийтина Москох Майкрософтан Оьрсийчуьрчу офисан президенте Боченек Томаше.


"Кехат оха, электронан кепехь дIахьажийна ца дуьтуш, батта а диллина, Оьрсийчоьнан Почтица дIахьажийна. Иза тхоьгара адресате дIакхаьчна кхоалгIачу дийнахь. Амма цкъачунна цхьана а кепехь жоп-м ца делла тхуна", - боху нохчийн меттан нийсаяздаран пакет-спелчек кечъеш массийтта шарахь къахьегначу академин семиотикан декъан куьйгалхочо Умархаджиев Салавдис.




​Нохчийн къам а, цуьнан мотт а информацин технологийн тIегIане кхачош болх бу мотт компьютерх, интернетах боза арабаьккхинарг. Оцу хьоле дукха меттанаш кхаьчна дац таханенна 7000 сов болчу меттанех. Ткъа Оьрсийчоьнах дерг аьлча, оьрсийниг а санна, гIезалойн мотт а бу Майкрософтан цхьайолчу программийн ораме кхаьчийначех.


Советан Iедал доьхча кхоллаеллачу пачхьалкхашлахь а дукха яц шайн меттанашкахь компьютерца "къамелдийраш".


Масала, 2005-чу шарахь яьккхина Windows а, Microsoft Office а казахийн матте. И хилам ерриг а Казахстано шен политикан толам санна базбира.


…Нохчийн мотт компьютере биллар, интернетехь баржор, луучарна иза Iамо, йозадечунна нийсаяздан оьшу программаш кхуллуш къахьоьгу Нохчийчоьнан академино.


Академин семиотикан декъо йина, дукха хан йоццуш интернетхошна тIекхоче яьккхина нохчийн-оьрсийн-нохчийн "ДикДошам" онлайн-дошам". Программехула дош карийна ца Iаш, хьожийла ду цуьнан кепашка, оцу аьттонна хIора дашна "тIетесна" массех авторийн дошамаш.


Амма, дукхаболучара Фейсбукехь а, кхечу машанашкахь а ма-баххара, шеко йоццуш дахаран некъ шорлур бу нохчийн маттана, нагахь санна иза Office программашка дIакхачо а аьтто балахь.


Цундела лерг диллина ладоьгIу меттан балаболучара - уьш баккъал а бу эзарнашкахь – Оьрсийчуьрчу Майкрософтан декъо цкъачунна даланза дуьсучу жоьпе.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus