Кремл реза яц Донбассех тIеэцначу низамна
Минскан бертан дийцарийн а, "нормандин форматан" а альтернатива яц аьлла хета Кремлна. Оьрсийчоь агрессор-пачхьалкх а лоруш, юкъадаьккхинчу Донбассан реинтеграцех низамна Москох реза яц аьлла, дIахаийтинера хьалхо президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс. ТIейогIучу хенахь конфликт ерзоран перспективана новкъарло йийр ю цо аьлла, тешна ю Кремл, яздо "Украинан бакъдерг" газетано.
Лакхарчу Радас еарийндийнахь тIеэцна Донбассан реинтеграци еш низам. Оцу низамо Луганскан, Донецкан кIоштийн территореш дIалецна хилар а, Оьрсийчоь "агрессор-пачхьалкх" хилар а бакъдо.