Волгоградехь герзаш диттина нохчочунна а, азербайджанхошна а, оьрсина а
Яхначу суьйранна 7 сахьт долучу хенахь веа стагах лаьтта компанин (ши ваша азербайджанхо, Нохчийчуьра цхьаъ, оьрси) садоIуш хилла меттигерчу кафе чохь. Уьш цу чуьра ара ма бевлли царна тIелатар дина.
Кафена 30 метар юьстах сецначу Iаьржачу Джип чуьра герзашца масех стаг охьавоьсина хилла. Кафечуьра арабевллачарна тIе герзаш а диттина, уьрсаш хьекхна. Зулам динчул тIаьхьа къайлабевлла зуламхой.
Оцу компанех кхоъ комехь ву, цхьаъ операци ечу хенахь велла.
"Стаг вер", "Бакъо йоцуш герз лелор", "ТIелатар" артиклашца бехкзуламан гIуллакхаш диллина зуламхошна дуьхьал.