20 шо хьалха яйна шен йоI Дагестанехь карийна Соьлж-ГIалара яхархочунна
Ши де хьалха, ГIура-беттан 25-чу дийнахь, шен нана йолчу цIайирзина иза. Цу хеначохь заьIапхо йолу жима зуда Буйнакскерчу интернатехь ехаш хилла. Иза хьена ю хиина, ДНК-экспертиза бахьана долуш.
Ибрагимова Хьава Нохчийчу цIаерзарх лаьцна хаам бина Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь, яздо "Кавказский узело".