Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Саратова реза яц Iамерко Кадыровна дуьхьал санкцеш яхарна

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа "Магнитскийн тептаре" язварх комментари йина  бакъонашларъярхочо Саратова Хедас а.


"Iамеркан политика бахьанехь Гергарчу Малхбалехь хIаллакхуьлучу нехан бакъонаш шена пайда а ца лоьхуш ларъеш, схьавогIуш ву мехкан куьйгалхо. Со цец ца яьккхина Iамерко. Цхьанатоьхначу Штаташа адамийн а, шайн лаамерчу пачхьалкхин а бакъонаш хьешна ца Iаш, тоьллачу дахаре сатесна, шайн махка баха баьхкинарш хIаллакбо", аьлла Саратовас.


ФБР-н белхахоша 2013-чу шарахь Бостонерчу марафонех хеттарш дечу хенахь вийна нохчийн спортхо Тодашев ИбрехIим дагаваийтина бакъонашларъярхочо.


"Цхьа а тоьшалла а доцуш, шеконаш кхоллаеллера аьлла, вийна ву иза. ФБР-н белхахоша иза вехачу хIусам чу а лилхина, сахьташкахь хеттарш дина, къиза етта а йиттина, вийра иза", - аьлла Саратова Хедас.


Маршо Радионо шен эфирашкахь дийцира, Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Флоридерчу Орландо-гΙалахь къайлахчу сервисан, ФБР-н, белхахоша, шайна герзаца дуьхьалоечохь вийна хиларх 26 шо долу нохчо Тодашев ИбрахΙим. 




Дийнна шарахь гIуллакх теллинчул тIаьхьа, Орландо-гIалахь Тодашев ИбрахIим верна бехказбехира Флорида шататан прокуратурано Iамеркан Штатийн Федералан талламан бюрон белхахой.



Прокурора дийцарехь, аьчка чIу а карахь, шайна чукхоссавелча, шайн дахар Iалашдеш, вийна цара терактехь дакъалацарх шеко йолуш, шаьш левеш хилла Тодашев. 

 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus