Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ: Шемахь исламисташца тIом берзаза бу

Шемахь "Исламан пачхьалкх" шех олучу террорхойн тобанхошца болийна къийсам берзанза бу. Iамеркан президентан ДаIишца къийсам латточу леринчу векало Макгурк Бретта бина и хаам


Террорхой эшийна бохуш, Оьрсийчоьнан Iедалша дечу дIахьедарех Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн администрацехь тешаш бац. ХIинца а Шемахь а, Иракъехь а вуьсуш ву, леринчу векалан хаамашца, 3 эзар гергга джихIадхо.


ТIеман контингент Шемара араяьккхина Москоха бахахь а, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш долуш ду цигахь аьлла, билгалдаьккхина Макгурка. ХIетте а, боху леринчу векало, Шемарчу Ат-Танфехь латтош ду шайн эскаран а цхьа дакъа, "Исламан пачхьалкх" шайх олу тоба юха чу ца йитархьама.


Вовшашца дагадовлуш хилахь, юкъара интерес йолчу сферашкахь дуьненаюкъара коалици кийча ю Оьрсийчоьнан эскархошца юкъаметтигаш латто, аьлла Iамеркан  президентан векало..


Масална Макгурка хьахийра, Шеман а, Урдунан а дозанашкахь каппаш тоьхначу  мухIажиршна гIо латтош Оьрсийчоьнца цхьана болх бар.


Карарчу беттан 6-чохь Инарла Штабан хьаькамо Герасимов Валерийс дIакхайкхийра, ДаIишхойх ерриг а Шема дIацIанйина аьлла.


Цул тIаьхьа кIира даьлча Хмеймим тIеман базехь хиллачу Путин Владимира омра дира, эскархойн контингент Шемара араяккха аьлла.


Еаридийнахь дийца даьккхира, пачхьалкхан Думано Шемарчу Тартусехь шайн тIеман-хIордан флотан (ВМФ) база чIагIъйина хиларх.


49 шарахь лаьтташ бу и барт, цул тIаьхьа кхи а 25 шарна дIабахло автоматехь. Бертан проект Думе кховдийнарг президент Путин Владимир ву.


 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus