Нохчийчохь полисхошна тIелатар динарш кхиазхой хилла, хаам бо ТАСС агенталло, республикан зорбанан министро Умаров Джамбулата дуьйцучунна тIе а тевжаш, яздо lenta.ru зорбанан гIирсо.
"Некъан патрулан гIуллакхан белхахошна тIе машен тоьхначуьнан 17 шо хилла, уггаре жимачу зуламхочуьнан, болчу хаамашца, 11 шо хилла", - дийцина Умаровс.
Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан пресс-секретаро Каримов Iаьлвис «Коммерсантъ FM» радион эфирехь хаам бина, Шелан кIоштахь полисхошна тIелатар дина берриг а "тIемалой", цхьана тобанера хилла аьлла. Читать дальше...