"Исламан пачхьалкхана" тIера бехк дIабаьккхина Кадыровс
Кадыровс дийцарехь, "махкал арахьара цхьа ницкъаш бу" муьлхха а цу тайпа "тIелатар шаьш дина олуш". Цу кепара и ницкъаш ала гIерта дерриг дуьнене, "Исламан пачхьалкх" тобан ницкъ болу организаци ю, боху Кадыровс.
Хууш ма хиллара, Соьлж-ГIаларчу килсана тIелатар дарна жоьпалла шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" олучу тобано. Цунах лаьцна кIиранан дийнахь хаам бина йозуш йоцучу SITE Intelligence Group мониторинган тобано.
Соьлж-ГIаларчу килсана тIелатар динарш Нохчийчуьра бахархой Юнусов Iамир а, Юнусов Iела а, Элисултанов Микаил а, иштта ГIалгIайчуьра Цечоев Ахьмад а хилла аьлла, Iорадаьккхина махкарчу ницкъаллин структураша.
Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, шоьтан дийнахь килсана динчу тIелатарехь вийна Нохчийчу гIуллакх кхочушдан хьажийначу Саратоверчу полисхойх лакхара ши сержант Рахметов Кайрат а, Горсков Влаимир а.