Жигархой луьттуш ю ГIалгIайчоь: политика дуьхьалъетта лидершна
Пейсахова Анна ГIалгIайчохь ницкъхошкахула луьттуш, лоьцуш бу нах юха а. ДIадахначу кIиранах коьртачу шахьарахь а, массех юьртахь а хьийсина нехан хIусамех. Протесташца доьзна лаьцна вигина пхи стаг – Магасерчу гуламехь стохка, Зазадоккху-беттан 26-27-чу деношкахь полицина дуьхьалояр толлуш, махкара жигархой зуьйш ду Iедал. Деношкахь лецнарш бу Нальгиев Рашид, Чахкиев Ахьмад, Дугиев Ахьмад, кхин а ши жимстаг. Нальгиевн адвоката Мишаев Мухтара “Кавказ.Реалиига” дийцарехь, гIалатбевлла Нальгиев лаьцнарш... Читать дальше...