Другие новости Великого Новгорода и Новгородской области на этот час

Эльсункаев Надирсолта: Импери-пачхьалкх ца йогIу нохчашна

Эльсункаев Надирсолта: Импери-пачхьалкх ца йогIу нохчашна

Нохчашна муьлха Iедал оьшу? Стенна ца йогIу цуьнан амалца Оьрсийчоь?

ХIун пачхьалкх ю Оьрсийчоь: демократин, авторитаран? Атта дац оцу хаттарна жоп дала ур-атталла гоьбевлла бевзачу политологашна а. Я иза а яц, я важа а яц – авторитаран а, демократин а хьесапаш шена чуэцна гибрид ю, боху царах цхьаболучара.

Оьрсийчоьнах гибрид ала 7 бахьана го прессехь кест-кеста къовсам гIаттош хуьлучу Оьрсийчоьнан халкъан бахамаллин а, пачхьалкхан гIуллакхан а академерчу политологна Шульман Екатеринина.

Цхьадерш хIорш ду: идеологин есалла – «режимо ша дуьйцург адам шех кхетар доцуш дуьйцу, эшча, юхашарша я хьалхакхоссаяла»; лидерехь доза доцу олалла ду – «амма цунах тиран олийла дац, цунна ца лаьа тиран хила»; репрессеш ю ала а дац, яц ала а дац – «тоаме ду телевизионашкахула, массо а кхерош, кхелаш гайтича, дIаваха луучунна пачхьалкхан кевнаш дIадиллича»; лаьттах боллучу бахамна доIанаш дар – «маьIданаш (газ, мехкдаьтта, деши) кхача цадайтар Деле а доьхуш еха гибрид». Иштта го Оьрсийчуьрчу Iедалан хатI Шуьлманна. 

Оьрсийчоьнах гибрид ала 7 бахьана

200 къам деха Оьрсийчохь. Лаамехь дехарш а ду, лаамза чуоьзнарш а ду. Сепаратизмах мел са йолу Кремло тIаьххьарчу ткъе пхеа шерачохь доккхачу масалехь гайтина хиларна, дац таханенна пачхьалкхах къаста гIерта къаьмнаш. Амма бу оцу къаьмнашлахь шайн-шайн халкъашна хIун тов, я ца тов, амале хьажжина, хIун догIу я ца догIу эраш.

Хьалхо Маршо Радионо доцца довзийтира Нохчийчоьнна муьлха раж йогIу, муьлха Iедал цо реза йолуш тIеоьцу, я ца яьлла лов бохучу хеттаршна Соьлж-ГIаларчу гуманитаран талламийн центран директора Эльсункаев Надирсолтас делла жоп. ХIетахь къамелан декъашхой алссам хиларна, кIарга ца деш дитира цо шен дош.

Нохчочун амална, цуьнан ламасташна, дайшкара схьа а оьцуш, ша бере дIа а кховдош, кхобучу синбахамаллина хIун пачхьалкх еза, мьулха Iедалан кеп мега – оцу хьокъехь хилира тхан Надирсолтица телефонехула къамел. Машенца ша бен некъ ца бохош, Маршо Радионо цунна пурба делира вистхила. Цундела, аз шерра хезаш дацарх кхетар бу аьлла хета ладогIархой.

«Нохчийн демократи» бохург бух а болуш дуйла хаьа вайна, оьрсийн литературан классикера а, историкашкара а

- ХIун ю иза, хьан кхетамехь, Европан и мехалла стенна хеза ког бакх-баьккхинчохь аьшнаш еш?

- Демократи ю аьлла хета суна гергарчу ханна вайна уггаре а оьшуш йолу, вайн къам кхион тору кеп. Демократин некъ вайна коьрта хила беза, хIунда аьлча, шен дахарх ша жоп дала Iаьмначу, демократин букъа тIехь кхиинчу нохчийн къоман амалца богIу иза.

Со кхета, 1991-чу шарахь дахар кегаделчхьана схьа, «демократи», «либерализм» бохург ца деза нахана. Оцу шина дашца бозабелла бу тIаьххьарчу 30 шарахь хилла бохамаш – кху 150 шарна а бацара кхаьчна оццул дукха хьовзамаш – къиза ши тIом, ши политикан режим. Лозунгаш хаза яра, амма ма-дарра зийча, низам доцчу хьелашкахь дехара вай.

Ткъа вайна мегар дац демократех къахка. Иза вайн хиндолчуьнца бозабелла вайн къастам бу. ХIунда аьлча, вайн менталитет, вайн мехаллаш цуьнца бен ца йогIу. Хууш ма дуй исторехь, дин хьалха даккха гIоьртича хилларг а.

«Нохчийн демократи» бохург бух а болуш дуйла хаьа вайна, оьрсийн литературан классикера а, историкашкара а, иштта, дозанал арахьарчу историкашкара а. Къомо баккъал а ирхенаш яьхна шен оьмарехь демократин юкъаралла кхолларца. Масала, Толстойс «Хьаьжа-Мурдехь» ма-аллара, Имам Ушурмас юкъараллехь демократин лард чIагIъярца, ламасташна тIетовжарца далийна къам гIиллакхе, баьхна толамаш тIеман аренашкахь.

Тоаме ду Бестужев-Марлинскийс шен доттагIчуьнга яздина кехат дешча а. Демократин тоьлла масалш хьашт дац леха Европехь – уьш Кавказехь, нохчашца долуш хилча, аьлла цо.

Доцца аьлча, вешан къоман ламасташ юхадалор, дуккха а хан халха кхоьллинчу нийсонан кепе вай юхадахкар ду оьшуш. Иза пайде хир ду вайна тIаьхье кхиош, синбахамца чIагIлуш.

Кхийолу кепаш юкъа а йохуш, нохчийн политикан, гуманитаран кхетамна тIехь эксперименташ хIиттор вуно доккха зулам ду аьлла хета суна.

…Бакъду, Оьрсийчохь еха ца лаьттира демократи. Цуьнан бахьана а историца дозу, иза тIаьххьарчу 500 шарахь империн проектна кIел яьллина. Ткъа оцу проекто дерриг а халкъ цхьана стеган – монархан – олалехь латтийна. Новгород йохийначул тIаьхьа кхачийна демократин зеделларг а.

Цундела, коммунистийн режим йохийначул тIаьхьа, 1991 шарахь кхайкхийначу демократех буола хаарш дацаре а, заманца зийна ламасташ дацаре а терра, сихха юхабевлла оьрсий.

Амма со реза вац ерриг а Оьрсийчоь демократин институтех къаьхкина аьлча.

- «Демократи» аьшнашка даьккхина, аьхазчу дашца хьахайо дукхахболучара. Иштта маьттазчу кепе дерзийна хеза «либерализм» дош а, цуьнгахьа дог лаьттачух «либераст» олу. ШолгIаниг, либерализм – иза хьан кхетамехь хIун ю?

Европерчу либерализман проблема стенца ю?

​- Демократино магадо юкъараллин дуьхьа адамера цхьайолу бакъо дIаяккха. Ткъа либерализмо адаман бакъо массо а хIуманал лакхайоккху, адам юкъараллах дозуш а доцуш.

Европерчу либерализман проблема стенца ю? Цигахь хьал ма-луъу дика дацарца ю-кх. Бахьана – либералашна а ца лаьа адам дуьззина маьрша хилийта, ца къастадало, мичахь ду адаман маршонан доза. Оцу бахьанийца цивилизацин кризис хила а тарло аьлла хета суна.

Оьрсийчоь  - иза кхин ю. Цигахь либерализман битамаш гучубевллера Ельцинан заманахь, цо ша-къастаеллачу тобанна, олигархашна, «хецна маршо» елча. Церан бакъонаш, паргIатонаш могIарчу халкъанна еллачел а дукха яра.

Конституци ларъяхьара аьлла нах а чубухку

- Ткъа муха го хьуна Оьрсийчоьнан политикан ражца хиндерг?

- Со кхета, кеп-кепара, гаранашкахь ду цуьнан болар. Цхьаболучарна монархи еза, кхечарна – конституцин монархи, вукхарна – Европерачух йогIу либерализм. … Бакъду, демократех хьоьгурш дукха бац. Цунна тIе, суна хетарехь, Оьрсийчоь кхочур ю, цуьнан юкъаралла, динан элиташ охьа а хевшина, массо а къаьмнашна мегаш а, царна цхьабосса оьзда а хеташ, пайдедерг дийца, хан хIуттучу заманахь. ТIаккха хир ю Оьрсийчоьнах, суна хетарехь, цивилан пачхьалкх.

Цхьаъ ду, оцу гIуллакхна бух билла торуш-м конституци а ю! Амма хьал муха ду? – Конституци ларъяхьара аьлла нах а чубухкуш ду-кх.  Деградацехь демократи, либерализм хилла ца Iа, конституцин пачхьалкх а ю деградаце кхаьчна.

Импери йилла гIертаро халкъера ницкъ лакъабо, синбахам лакъабо, экономика лакъайо. Импери йилла айина проекташ къиза юху. Тахана Оьрсийчоь оцу проектан гура йилла гIертачара, сан кхетамехь, боккха бала бу тIебохьуш, иза гена дер долуш а дац.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Великом Новгороде, в Новгородской области и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Великом Новгороде

Ria.city

Торговые настольные электронные весы CAS PR-15P

«Абсолютно роскошный историзм»: вышел тизер-трейлер киносказки «Огниво»

Ремонт Лужского путепровода планируют закончить до 30 июня

Более ста реконструкторов приняли участие в фестивале «Исаборг» в Изборске

Музыкальные новости

Титов предположил, что у «Динамо» и «Краснодара» еще 10 лет не будет шанса на победу в РПЛ

ЧЭРЗ прошел ресертификационный аудит системы менеджмента бизнеса

Чемпионат по поеданию бууз пройдет в Улан-Удэ

Победителями первого сезона шоу «Сокровища императора» на ТНТ стали Мария Миногарова и Парур Хачатуров

Новости Великого Новгорода

Почему в Великом Новгороде исчезают киоски «Роспечати»?

Более ста реконструкторов приняли участие в фестивале «Исаборг» в Изборске

ТК Новгородская: «Отключения горячей воды не избежать, надо готовиться. И к зиме – тоже»

«Абсолютно роскошный историзм»: вышел тизер-трейлер киносказки «Огниво»

Экология в Новгородской области

Адские цены на Сочи и Анапу заставили российских туристов найти новые пути экономии

LISA FM Александр Белоносов выпустил альбом «Родина Сердца: Дневник Психолога»

Куда россияне теперь ездят на отдых: составлен реальный список стран и российских регионов, пользующихся спросом

Показания к применению калийсберегающих диуретиков. Эплеренон, антагонисты альдостерона, осмотические диуретики

Спорт в Новгородской области

Медведев, Кафельников, Федерер, Маррей, Роддик, Агасси поздравили Синнера со статусом первой ракетки мира

В России заговорили о Елене Рыбакиной после смены теннисисткой гражданства

Испанец Алькарас выиграл Открытый чемпионат Франции по теннису

Испанец Алькарас выиграл у Зверева и стал победителем Roland Garros

Moscow.media

Сегодня свой 70-летний юбилей отмечает Заслуженный спасатель Российской Федерации Якубовский Валерий Иванович

Захарова: армянам - нота, апшеронцам – «да»

Вечерело...

Планируем зимний отпуск: мы знаем цену авиаперелета в Дубай на Новый год











Топ новостей на этот час в Великом Новгороде и Новгородской области

Rss.plus






В Крестцах грузчик торговой точки обворовал женщину-руководителя

Торговые настольные электронные весы CAS PR-15P

«Абсолютно роскошный историзм»: вышел тизер-трейлер киносказки «Огниво»

ТК Новгородская: «Отключения горячей воды не избежать, надо готовиться. И к зиме – тоже»