Кадыровн «паччахьалла» огуш дерг
ХIун къуьйсу вовшашца Нохчийчуьрчу хьаькамаша? Советан Iедалан заманахь кег-мерсачу битамаша гойтура Малхбузерчу политологашна, муха хийцалур ю Москвара политика. Мила мича охьахуу рогIерчу Политбюрон кхеташонехь тергалдича, кхеташ хуьлура хинболу хийцамаш. И кеп лела тахана Нохчийчохь. Шен кхеташонехь Iедалхойх хьаьнца, муха къамел до Кадыров Рамзана тергалдича, хаало, мила стенга «охьаваьккхина», «хьалаваьваьккхина», «вожор ву» цо. Оьрсийчоьнан президентца Путинца Малхбале вахана леллачуьра ша цIа кхоччушехь... Читать дальше...