"Грозный" страйкболан клубан цIе хийцина "Ахмат" аьлла
ДогIуш дац аьлла Нохчийчуьрчу бахархоша 2015-чу шарахь дуьйна "Грозный" цIарца хилла страйкболан клубан цIе "Ахмат" аьлла хийцар, яздо "Кавказский узел" агенталло. Кху беттан 18-чохь Iорадаьккхира цунах кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллан куьйгалхочо клубан декъашхошца дIадаьхьначу цхьанакхетарехь. "Грозный" телехьожийлан суьйренан эфирехь а гайтина цунах репортаж. Клубан лидеран Магомадов СаьIидан лаам бу "Ахмат" цIе тилар аьлла, билгалдоккхуш. 2015-чу шарахь дуьйнна болх беш ю страйкболан "Грозный" клуб. Читать дальше...