Марсхьокху-бутт бовш схьакарийра доьзалехь латтийначу ницкъах йедда 26 шо долу нохчийн йоI Сулейманова Седа цуьнан гергарчарна ницкъахойн гIоьнца. Питерехь цхьана петар чохь Iаш йара иза шен тIехьийзачу кIантаца Кудрявцев Станиславца. ЙоьIан доьзало пайдаийцира хьалха леллийначу кепах: цара бехкейира Сулейманова къола дарна, "низамца а догIуш", иза Нохчийчу дIайигира хеттарш дан. ХIетахь дуьйна дIабахначу шина баттахь адвокаташна а, бакъоларйархошна а, Станиславна а шоза гина йоI. Амма нохчийн омбудсменан Солтаев Мансуран хаамашкахь. Читать дальше...
Санкт-Петербургера прокуратуро таллам болийна Нохчийчуьра йахархо Сулейманова Седа лачкъорах чуделлачу дIахьедарехула. "Къилбаседа Кавказ SOS" бакъоларйаран кризисан тобано хаам барца, лахьан-беттан 2-чохь йоьIан тIехьийза кIант Кудрявцев Станислав хеттарш дан тIекхайкхинера. Цигахь цо "ма-дарра дийцина, белхахошна мел оьшу информаци дIа а луш". Йуьхьанца Кудрявцевс Оьрсийчоьнан бахархойн бакъонаш Iалашйан векал йинчу Москалькова Татьяне хьажийнера шен дIахьедар, цигара цуьнан хаам пачхьалкхъан коьртачу прокуратуре кхачийна. Читать дальше...
Керла совгIат делла Кхарачой-Чергазийчохь Нохчийчоьнан урхалхочун пхийтта шо долчу кIантана Кадыров Адамна – мехкан муфтийс Бердиев Исмаила "Умматана хьалха гIуллакхаш дарна" аьлла I-чу барамера орден йелла цунна. И совгIат схьаэца Черкесске вахара Кадыров Адам Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан думехь депутат волу Делимханов Адам улло а ваьлла. Оцу цхьанакхетарехь республикан куьйгалхчо Темрезов Рашида "Кхарачой-Чергазойн Республикана гIуллакхаш дарна" аьлла, регионан совгIат а дIаделира; и совгIат... Читать дальше...
Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхерамзаллин сервисехь "деза дарж" делла 15 шо долчу Кадыров Адамна, хаамбина мехкан информацин министро Дудаев Ахьмада а, Орсийчочьнан парламентан депутато Делимханов Адама а. Ткъа шо хьалха шен ден Ахьмадан кхерамзаллин сервисан куьйгалле хIоттийра Кадыров Рамзан. Кхерамзаллин сервисехь муьлха дарж делла 15 шо долчу республикин куьйгалхочун кIантана билгал ца даьккхина йа Делимхановс а, йа Дудаевс а, делахь а, информацин министро кхетийра, Адам хьакъ ву оцу дарже хIотто... Читать дальше...