Шот дийнахь, Гуьржичоьнан пхеа шайн урхалла дечу гIалахь а, 15-тта муниципалитетехь а шолгIа мур бу дIабоьдуш муниципалитетийн харжамийн. Харжамашкахь коьрта дуьхьаланча ю, 2011-чу шарахь миллиардеро Иванишвили Бидзинас кхоьллина, Iедалехь йолу "Гуьржийн сатийсам" парти а, "Цхьаьнакхетта оппозици" а, хиллачу президентан Саакашвили Михаилан "Цхьааллин къоман болам " партин инициативица кхоьллина йолу. Коьрта тидам тIебохуьйтуш бу Тбилисехь а, пхеа йоккхачу гIалахь – Потехь а, Руставехь в, Батумехь а... Читать дальше...
ХIора пхоьалгIачу Оьрсийчуьрчу вахархочо тIедуьту, лецначу наханна тIехь ницкъбан мегар хилар, гойту "Лавада-центро" бинчу талламаман жамIаша. 11-та процента дIахьедина, адамашна Iазап дан мегар ду башха хӀума иккхича, оцо бехке боцчу нехан дахар кIелхьардоккхуьйтур делахь аьлла. Кхин а 9 процент ойла йолуш ву, Iазап дан мегар ду, ницкъ беш къиза зуламаш дарна чубоьхкинчу наханна тIехь аьлла. Оьрсийчоьнан Iедалша кхечу пачхьалкхан агент лаьррачу "Левадан-центро", шен хаттарш дира, Оьрсийчоьнан... Читать дальше...
Американ талламан сервисийн аьтто ца болу коронавирусан хьаст каро, COVID-19 пандемин бахьана хиилла долу. Оцунах лаьцна аьлла ду, къайлах долчура схьадаьстинчу амеркахойн талламхоша кечдинчу рапортехь. Аналитийн цхьа дакъа хеташ ду адаман шеца и вирус йолчу дийнатца контакт хилар бахьана долуш даьлла ун боху верси нийса ю аьлла. Кхечарна хета хила мега вариант ю аьлла, оцу вирусах ларамаза ун далар Уханерчу вирусологин инститерчу белхахошна, масийтта оцу институтан белхахочуунна 2019-чу шарахь гуьйранна пневмания (пехийн цамгар) кхеттера. Читать дальше...