ТIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирус кхеттарца билгалваьлла 20 пациент велла Къилбаседа Кавказехь. Цамгар гучуяьлла кхин а 357-нца. Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан информацица, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгар кхеттачу нахах велла 12 стаг, Ставропол-махкахь – 4, Къилбаседа ХIирийчохь – 2, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – цхьацца. Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь, официало чIагIдарехь, уьнах велла 8645 стаг. Уггаре дукха бу коронавирусо дийнахь-буса лецна нах Краснодар-махкахь – 109 стаг. Читать дальше...
Усть-Джегута кIоштан (Кхарачой-Чергазийчоь) вахархо хьийзина, ша шегахь хилла зуда а, юкъахь вина кIант а оьккхуьйту, бохуш, хаам бо республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалло. Талламчаша бахарехь, 54 шо долу вахархо вехна веана хIусаме, дов эккхийтина, карахь гранатах тера коьчал а йолуш, ша хIаллакбийр бу чуьранаш бохуш. Чуьраваьлла хьийзачу дегара оьккху коьчал хила тарлушъерг дIаяьккхина кIанта. И коьчал тIаьхьо сапёраша кхерамах паргIат а яьккхина, экспертиза ян дIаяьхьина. Зулам динарг лаьцна... Читать дальше...
Москвахь лаьцна талламах лечкъаш лелла Котиев Ризван, хаам баржийна ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан урхалло. Иза бехкево махкарчу телегойтийлехь программа лелош хилла журналист, ГIажарий-Юьртан вахархо Кокурхоев Амирхан вуьйш дакъалацарна. Диъ шо дара Котиев федералан лехамехь волу. Иза Гуьржехула Туркойн махка а вахана, цигара Европе кхаьчна аьлла яра юьхьанцара информаци. Талламан версица, Кокурхоевца "дов даьккхина хилла дахаран хьелашца доьзна" лулахочо, хIинца лаьцначу Котиевн дас, 2017-чу шеран Дечкен беттан 1-чу дийнахь. Читать дальше...