Къилбаседа Кавказерчу мехкашлахь 2020-гIа шо бюджетан дефицитца дирзина шинахьа – Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, яздо РБК агенталло. Ша даьккхинчу ахчанал 3% сов дайъина (бюджетан дефицит) Нохчийчоьно – иза ду 4,3 млрд сом. ГIалгIайчоьнан дефицит ю 1% я 0,4 млрд сом. Ша гулдинчу ахчанах тоам хилла Ставропол-махканна а, Кхарачой-Чергазийчоьнна а (бюджетан дефицит 0%). Буха ахча дуьсуш (профицитца) шо дерзийна Къилбаседа ХIирийчоьной (1% - 0,5 млрд сом), Дагестаной (1% - 1,6 млрд сом), ГIебарта-Балкхаройчоьной (4% - 2,I млрд сом) ... Читать дальше...
Соьлжа-ГIалахь полицино лаьцна латточу 14 шо долчу йоьIан нанас гIо дехна Кадыровга; кхин а цхьа "хIумахуург" нахалаяьккхина Нохчийчохь; Краснодарехь лаьцна Навальныйн штабан координатор, хьаьвсина цуьнан адвокатан цIийнах
Политикна Закаев Ахьмадна вен кхерам тесна Кадыров Рамзана. Нохчийчоьнан куьйгалхочун видео ю цо пайдаоьцучу инстаграм-агIонехь. Закаеван цIе ца йоккху Кадыровс, амма хьехайо иза веха гIала – Лондон, юьйцу политика караерзийна йолу актеран говзалла.
Нохчийчуьрчу Iеламчас Эльжуркаев Адама нахалаяьккхина Серноводскан кIоштарчу Аьхкинчу-Борзера 80 шо долу яхархо, цо ша "хIумахуург" ю бохуш, еххачу хенахь шена тIе нах лелийтарна. Хаам Instagram машанехула баржийна "Грозный" телеканало. Сюжетехь гойтуш ю зудчо – Яхийта ю цуьнан цIе - шен "балха тIехь" лелош хилла коьчалш: дIаьIахкаш, чамхалгаш, якъийна буц. "Яхийтас и берриг а пал берийн бу, аьлла", - боху видеоматериалан автора. Исламан дарбан центрерчу коьртачу говзанчас Эльжуркаев Адама дIахьедина... Читать дальше...
14 долчу Сейидова Жасминин нанас Гюльнарас видеокхайкхам хьажийна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Зудчо доьху шен йоI маьршайоккхуш гIодар. И дехар шен агIоне хIоттийна Телеграмерчу 1ADAT канало. Сейидова Гюльнарас дийцарехь, цуьнан йоI ядийна – иза дIайигна Соьлжа-ГIаларчу Октябран кIоштарчу полицин белхахоша, амма ца дитина иза лацаран хьокъехь цхьа а кехат, лаьцна латтайо 2020-чу шеран ГIадужу-беттан 13-чохь дуьйна. Зудчо бахарехь, Октябран кIоштарчу полицин бехктакхаман декъан куьйгалхочуьнца Анзорца а... Читать дальше...
Еарин дийнахь полисхоша лаьцна оппозиционеран Навальный Алексейн Краснодарерчу штабан координатор Панченко Анастасия. Мэрино магийна йоцчу Навальный лацарца доьзна шоьтан дийнахь ерриг а Оьрсийчохь дIаяхьа кечъечу протестан акце нах кхайкхар до цунна бехке. Цул сов, полици хьаьжна Панченкон адвокатан Беньяш Михаилан цIийнах. Панченкона низамаш талхорна хIиттийна административан жоьпалла такхарх долу документаш. ГIуллакх луьстур ду Краснодарерчу Ленинан кIоштан кхело, тоха тарло 30 эзар соьме кхочу гIуда. Читать дальше...
Нохчийчохь тIемалойн тIаьххьара бисна бен бохийна ша аьлла, кху деношкахь дIахьедира мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо чIагIдарехь, тIаьххьарчу леринчу операцехь ницкъахоша вийна тIаьххьара бухависна хилла ялх тIемало, шайлахь эмир Бютукаев Аслан а волуш. Эксперташа-бакъоларъярхоша а, Кавказерчу хьолана тIехь терго латточу талламчаша а, Кадыровс санна, цхьана маьIнехь ца хадабо регионерчухьлан мах. Цхьа хан-зама яьлча бен чIагIо йоллуш олийла дац, республикехь гIаттамхойн хIу дайъина... Читать дальше...
Ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Къилба ХIирийчуьра политикан, юкъараллин дахарх лаьцна яздеш хуьлучу политологна, журналистана Тотров Русланна йиттина БуьритIехь еарин дийнахь. Цо ша Кавказ.Реалиига дийцарехь, иза кафе чохь хилла, ши стаг чуваьлла, цунах летча. "Ма язде Къилба ХIирийчоьнан президентах лаьцна боьха хIуманаш, ма дийца доцург", - бохуш. Балда а датIош, ши церг кагйина журналистан. Полици ю хилларг толлуш. Хиллачух лаьцна комментари еш Бибиловн пресс-векалто аьлла, Къилба ХIирийчоьнан... Читать дальше...