Дуьхьалонан акцийн лидер Пашинян Никол юха а официалан кепара хьалхатеттина Эрмалойчоьнан премьер-министран дарже.
Маршо Радион Эрмалойн сервисо бинчу хаамца, Пашинянна гIортор еш 105 депутатах куьг таIийна парламентан 41 декъашхочо.
Керла кхаж тасар хир ду парламентехь кху беттан 8-чу дийнахь.