Пхенчханехь хиндолчу Олимпан Iаьнан ловзаршкахь дакъалаца таро ю 400 гергга оьрсийн атлетийн. 500 спортхочух лаьтта тептар лахдина Дуьненаюкъарчу олимпикан комитето (МОК) .
Оцу юкъанна цкъачунна билггал хууш дац, Оьрсийчоьнан спорхойх мила гIур ву Олимпиаде. Кху беттан 27-чохь масех талам бинчул тIаьхьа зорбане йохур ю Пхенчхане боьлхучийн цIераш, яздо МОК-ан сайтехь.
Байначу беттан 5-чу дийнахь Дуьненаюкъарчу олимпикан комитето Оьрсийчоьнан вовшахтоьхна тоба юхатеттинера Къилбаседа Корейхь дIахьочу Iаьнан 2018-чу шеран Олимпиадехь дакъалоцучуьра. Бинчу шина талламаехь гучудаьллера, Кремло мага а деш, спортехь цара допингаш лелош хиллийла.
Шаьш ца магийначу препартех пайда эцна цахиларх тоьшаллаш далийначарна магийна Олимпиадехь дакъалаца, амма нейтралан байракхна бухахь.