Навальныйн гIуллакхца доьзна кхайкхийначу санкцийн тептар довзийтина Цхьаьнатоьхначу Штаташа
Оцу нехан Цхьаьнатоьхначу Штатийн территори тIехь, я юрисдикцехь болу бахам дайх хадор бу, Американ а, кхечу пачхьалкхашкарчу а бахархошна доьхкур ду цаьрца гIуллакхаллин юкъарлонаш лело, билгалдоккху Би-би-си медиакорпорацино.
ТАСС агенталло тидам тIебохуьйту санкцеш Оьрсийчоьнан тIеман министраллерчу Центран Iилман-талламан 33-чу институтна а, Iилман 27-чу центрна а, Оьрсийчуьрчу пачхьалкхан химин а, технологин а Iилман-талламан институтна а тоьхна хилар.
Американ Штаташа санкцийн тептар довзийтарца доьзна, Би-Би-Си-но тидам тIеберзабо президента Байдена Чиллан-баттахь, шен президентаца Путинца телефонехула къамел хиллачул тIаьхьа динчу дIахьедарна. Американ президента элира хIетахь журналисташка, "Оьрсийчоьно агрессица йоху гIулчаш, Москва америкахойн харжамашна юкъагIертар, кибер-тIелетарш дар, наханна дIовш далар гуш доцуш санна Американ Цхьанатоьхна Штаташ Iен денош чекхдевлла, и денош яхначу заманахь дисина".
Кремлехь шинарин дийнахь дIахьедина, Навальныйн гIуллакхца йоьзна Американ Штаташа юкъаяьхна керла санкцеш цхьана а Iалашоне кхочур яц, цара талхор ю ишта а гIоьртина лаьтта юкъаметтигаш.
Оьрсийчуьра хьукматаш санкцийн тептара язъяро некъ къовлу царна Американ Штатийн йохк-эцаран министралло луш йолчу бакъонца сурсаташ а, гIирс а, шалха пайдаоьцу технологеш а Американ Штаташкахь эца.