Вакцина йойтучу Соьлжа-ГIаларчу бахархошлахь кхоже диллина ахча а, машен а
Соьлжа-ГIалин мэрино конкурс кхайкхийна бахархошлахь, вакцинаци яйтиначарна а, ян дагахь болчарна а юкъахь.
"Итт толамхо къастор ву. Царех хIоранна а деза совгIаташ кхачор ду бIе эазр соьма тIера, ткъа коьрта совгIат хир ду - Hyundai Solaris автомобиль", - хаамбина мэрехь, яздо "Чечня Сегодня" хаамийн ресурсо.
Къовсамах кIорггера хаа аьтто бу, хаамбо, Соьлжа-ГIалин мэрин сайта тIехь.
Маршо Радионо яздира, Марсхьокху-баттахь COVID-19 вирусна дуьхьал мехий деттийтинчарна юкъахь ловзо совгIаташ дехкина Оьрсийчоьнан Iедалхоша аьлла. 100 эзар сом кхочур ду гурахь пачхьалкхерчу бахархошна аьлла, яздина дара министрийн кабинетан сайта тIехь, хаам бирао Lenta.ru гIирсо.
Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, "кислород ца тоар мел хала хIума ду царна дIахаийтархьама аьлла, Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 26-чохь дIахьединчул тIаьхьа хийцаделира Нохчийчохь прививкаш ярца долу хьал.
Оппозицин IADAT телеграм-канало чIагIдора, Нохчийчохь прививкаш яйтина боцчу нахера машенаш схьайохуш ю, ткъа пачхьакхан белхахошна тIедиллина вакцинаци яйта шайгара нах тIебалор, бохуш.
"Кавказский узел" интернет-гIирсо хаам бира, дас-нанас прививкаш яйтина аьлла, тоьшаллин кехат да аьлла, дешархошна тIедожорах.
Нохчийн пачхьалкхан университетан хьехархочо дийцина ресурсна, балхара дIавоккхур ву аьлла, кхерам тесча декхаре хилира ша вакцина тохийта аьлла.
Новости агенталло яздира, Нохчийчуьрчу могушалла Iалашъяран министраллана тIетевжина, баккхийчарлахь 100 процент бахархой вакцинацех чекхбаьхна шаьш аьлла. Амма, тIаьхьо маса хийцира терахь, ткъа хIинца юьйцург ю 60 процент.