Мы в Telegram
Добавить новость

Герой России Александр Колесов посетит парад Победы в Москве

В Москве выставили на торги палаты купцов XVIII века

Яков Радченко: Выборы абсолютно объективно показали мощную народную поддержку Владимира Путина

Подозреваемый в убийстве русской модели в Турции схвачен в Германии: Подробности громкого дела

World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Хьал тодар дац иза - кеп ю". Хинйолу муниципалан реформа а, Кавказан дахар а

Пачхьалкхан Думин Кхеташоно юьхьанцара ладегIарш дIадаьхьна "Меттигера урхалла вовшахтохаран юкъарчу принципех, халкъан Iедалан системин цхьааллах" низаман проект йийцарееш. Документ тIеэцахь, бахархойн карахь гIеххьачул тIехьажа а, терго ян а аьтто лаьттинчу ярташкарчу а, кIошташкарчу а Iедалера дIадер ду куьйгалла. Кечъечу реформин авторш бу пачхьалкхан хIоттаман а, низамашкхоллран а комитетан куьйгалхо Крашенинников Павел а, конституцин низамийн комитетан кьуйгалхо Клишас Андрей а – ший а ву "Цхьааллин Оьрсийчоь" партера.

"Цхьана могIара яьхначу меттигерчу урхаллийн аьтто хир бу шаьш дехачохь Iедал дIалело, уьш тIетовжаш хир ю меттигерчу бахархошна, хьалха санна территорин принципехь лелаш а йоцуш. Иштачу некъо тидаме оьцу меттигера хьукматаш дотацеша кхобуш хилар а, ярташкарчу урхаллаша шайгара бакъонаш кIоштийн а, регионийн а куьйгаллин каралуш хилар а (100% хьелаш ду иштта лаьтташ) – оцо лакхайоккхур ю меттгерчу урхаллийн белхан эвсаралла, чIагIйийр ю церан ахчанца йолу таронаш", – боху низаман проект хьалхатеттинчара документах лаьцна юьххье хIоттийначу кехато.

Документо тIечIагIдо меттигера муниципалитетийн куьйгалхой бухарчу Iедалан урхаллаша хоржуш хилар а, "уьш балхаца ларош бацахь, губернаторан даржера дIабаха йолу бакъо" а.

Авторша бахарехь, губернаторний, меттигерчу Iедалхошний юкъара цакхетамаш дIабаха Iалашо ю низаман. Ткъа реформано бухера дуьйна дIа хуьйцу хьалхалера муниципалан хIоттаман кеп, янне а йоцчу йоккху Iедалан лахара тIегIа.

Эшам - бахархошна

"Низам лакхарчу Iедална оьшу, иза кхета шена резабоцурш лахарчу Iедалан тIегIанашкахь буйла, цигахь бохийла оппозицин векалша харжмашкахь толам. Из къеггина гайтира 2021 шаро, Пачхьалкхан Деме а санна, меттигерчу муниципалитешка а депутаташ хоржучу муьро. Ростов-махкахь толамаш баьхнарш бу дукха хьолехь коммунисташ", – элира ша Кавказ.Реалиица къамел деш Ростов гIалин думин депутата Оськина Натальяс.

Гезгмашин-беттан харжамашкахь Пачхьалкхан Думе кхаьчна коммунисташ: . Азовхь -34%, Новочеркасскехь, Таганрогехь – 32%. Меттигашкарнчу харжамашкахь тоьлла 350 коммунист, 13 гIалин а, яртийн а муниципалитеташкахь уьш бу тоьлларш.

"Iедална ца деза яртийн, гIалийн думанаш "цIелуш", ца мега иза кIоштийн а а, регионийн а Iедална. Хала ду баккхийчу хьаькамашка ладугIуш боцу, аьлларг чекхдоккхуш боцу депуаташ", - боху Оськинас.

Масал далош депутата хьахийра дешаран а, медицинан а гIуллакхаш цхьана хьесапе дезор – иза цунна ца тов.

 

"30 шо хьалха хIора юьртахь яра клуб, библиотека, школа, фельдшеран чоьнаш я жима поликлиника. ХIинца ца йисина уьш, бераш 15 километр гена деша лела, бер дан зуда юьгу 200 километр гена. ХIинца изза деш ду муниципалан Iедалх, уьш "кепе" ялош. Волгодонскехь я Чалтыр юьртахь хуьлуш дерг стенна оьшу Ростоврчу хьаькамна? Иза вовхха хиина Iа шен гIентахь, оьший цунна шега претензеш йолчу харжамхошца къамелаш дан ваха? Цкъа а бийр бац цо ярташна дика болх!" – тешна ю Оськина.

Цунна гарехь, оппозицин меттигаш йовр ю муниципалитеташкахь, ткъа реформано эшам бохьур бу могIарчу бахархошна, дIабоккхур бу цаьргара Iедале хьашташ далхо, деха хилла некъ.

"Иза урхаллин системин деградаци ю, диканиг дохьур дац цо. Хьаькамашний, могIарчу бахархошний юкъа Iин дьллур ду, къоьлла кхин а совйоккхур ю нехан дахарехь, рицкъ хьаладоккхур ду лакхахьболчийн", - аьлла хета зудчунна.

Краснодар-макхарчу Ейскехь возушвоцу депутат лаьттинчу, мандат шегара дIадаьккинчу Коровайный Александра боху, керла низам тIехьажийна ду меттигара Iедалан структура хIаллакъярна.

"Меттигера муниципалитет, меттигера депутаташ, юьртда герга бу адамашна, цаьрца юкъарлонехь беха биллина. Халахеташ делахь а, кIезиг ницкъ бу церан карахь, ахча дац ярташка хьийсош данне а ала тарло, ткъа ахча доцуш ца дало цхьа а хIума. Муниципалитеташа доккху ахча регионан, федералан бюджете дIахьажадо. ХIинца яртийн муниципалитеташ муххале а дIалелалур  яц шаьш, юьззина йозуш хир ю", – боху Коровайныйс.

Низаман проектан авторех волчу сенатора Клишаса хаамийн гIирсашна комментари луш тидам тIеберзийра губернаторша болх беш воцу юьртда дIаваккхарх йолчу темина. Бакъду, губернаторийн ишта а ю бакъо юьртда даржера дIаваккха.

Реформано бюджет кхоон аьтто бийр бу бохург аьттехьа а ца дитира Коровайный Александра ша Кавказ.Реалиица дечу къамелехь – ярташкара депутаташ маьхза болх беш бу, ткъа церан харжамаш бузу регионийн, федералан харжамийн компанех.

"Ахча юьртден меттиг латтон бен луш дац, цунна документаш яздан а ца тоьу иза. Реформа чекхъялахь, и кепекаш а губернатор олуш хир ю, урхалла дужур ду цуьнгара дисинарг а, хьал толор дац иза – кеп ю", – аьлла хета жигархочунна.

Массо тийна-таьIIина а Iаш

2000-гIчу шерашкара схьа политикан, финансийн, ухаллин мукъ муниципалитешкара дIабоккхуш Iийна пачхьалкх, элира Кавказ.Реалиица къамел деш Ставропол-махкарчу "Яблоко" партин декъан лидера, Светлоградерчу гIалинт урхаллехь къахьегначу Зубенко Виталийс.

"С убъектна ахча ца тоьхча – иза цкъа а дац тоьуш – федерацин бюдежетера дотаци ло. Аьлча а, федераци а, регионийн Iедал а ду муниципалитеташна ахча латториг. Амма муиципалитеташка ахча оьшучу минимум-барамехь дац луш цкъа а", – боху политика.

 

Европехь, Американ Цхьаьанатоьхначу Штаташкахь ю кхузаман пачхьалкхаш – цигахь меттигера Iедал маьрша ду пачхьалкхан урхаллина гергахь. Цундела нехан аьтто бу шаьш долчуьрчу хьаькамийн  балханна тIехьийса, тргал бан, нисбан. Оьрсийчоьнна кечъечу реформано берриг а ницкъ дIало регионашкарчу Iедалхошка, цара хоржур ву юьртда, бахархой политиканна, дахаран урхаллина герга ца бита деш ду дерриг а, боху Зубенкос.

"Вон ду наха Iедало деш лаьттарг тергал цадар – муниципалитетан корта боккхуш ду иза. Думин харжамаш чекхбевлча кхетта Москва, халкъо шена тIехь бохь бегIча а олуш хIума доцийла, цундела ишта а долуш долчунна низамашца бух буьллуш ю иза. Коррупцина лела атта хир ду хIинца, регионийн куьйгалхой шайн цхьана хьаькамна бен жоп дала декхаре а хир бац", – чIагIдо Зубенкос.

Кху ханна Оьрсийчоьнан Къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а ца йисина харжамашкахь куьйгалхо хоржу регионаш. Бахархоша хоржуш бац мэраш дукхахйолчу гIаланашкахь – конкурсан комиссешка, меттигашкарчу депутаташка дIаделла иза. Ткъа даржашка кхочурш бу дукха хьолехь губернаторо магийна нах.

Меттигерчу муниципалитетех долчу низаман проект, оцу проектах доьзначу кехато бахарехь, бIаьста луьстур ю Пачхьалкхан Думехь. Иза тIеэцахь, юкъадер ду низам 2023 шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь. Диллина дуьсуш ду хеттарш: муха догIур ду и низам Оьрсийчоьна къобалъечу дуьненаюкъарчу бакъонашца, иза Европан меттигерчу урхаллин хартица догIуш а ца хилча? Цунах жоп ца ло низаман проектан авторша.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Без кислорода. Софии нужен откашливатель, чтобы снова дышать

Пентагон: США выясняют детали поездки в Россию военного, задержанного за кражу

Подозреваемый в убийстве русской модели в Турции схвачен в Германии: Подробности громкого дела

Видели смерть, но не разучились смеяться. Советские режиссеры-фронтовики

Музыкальные новости

Вадим Арутюнов и его книга «Записки странствующего армянина»

Патрулирование пожароопасных участков лесов провели в Подмосковье

Михаил Галустян отказался от шашлыка и похудел на 14 килограммов

ХК «Балашиха» стал обладателем Кубка Владислава Третьяка

Новости России

Рука и лапа помощи. Спасатели Москвы закончат подготовку к 20 мая

Пентагон: США выясняют детали поездки в Россию военного, задержанного за кражу

Си Цзиньпин прибыл с первым за последние восемь лет визитом в Сербию

В Москве выставили на торги палаты купцов XVIII века

Экология в России и мире

Пресс-релиз | CRYPTONIUM | Новая экосистема для заработка на криптовалюте | Арбитраж | Трейдинг | Обучение

Travel-эксперт Тариел Гажиенко: на длинные выходные — по киношным местам

Российский турист напился и улегся спать на карнизе второго этажа музея, шокировав прохожих

Одна из целей неофашистского Азербайджана - уничтожение Христианства

Спорт в России и мире

WTA огорчила Елену Рыбакину после турнира в Мадриде

«Титул, которым я горжусь больше всего»: Рублёв одолел Оже-Альяссима и выиграл второй турнир серии «Мастерс» в карьере

Двенадцать казахстанских теннисистов поднялись в рейтинге ATP

Швентек и Соболенко устроили триллер за престижный трофей

Moscow.media

Комфорт в каждой детали: игровые кресла GC-780 и GC-840 от Bloody

Беспроводной сканер штрих-кодов Heroje S-H29W

Северный калейдоскоп

Анна Данилова дала старт Всероссийской акции "Синий платочек Победы" 2024 на станции метро Курская











Топ новостей на этот час

Rss.plus






Ядерное оружие России может остановить ядерную войну

Яков Радченко: Выборы абсолютно объективно показали мощную народную поддержку Владимира Путина

Рука и лапа помощи. Спасатели Москвы закончат подготовку к 20 мая

Видели смерть, но не разучились смеяться. Советские режиссеры-фронтовики