Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

IADAT: ГIуран-баттахь мел кIезиг а 74 стаг лачкъийна Нохчийчохь

Нохчийчуьрчу Iедалхошна оппозицехь лаьттачу IАДАТ боламо зорбане яьккхина махкахь лечкъийначу нахах хIора беттан шаьш вовщатуху статистика. Жигархоша чIагIдарехь, байначу баттахь 74 стаг лачкъийна. Бара царлахь Швецехь вехачу блогеран Абдурахманов Тумсон а, цуьнан хIусамненан а 11 гергара стаг, бакъоларъяран "Вайфонд" организацин куьйгалхочун Садулаев Мансуран кхоъ, да а, вежарий ца лерича, Туркойчохь вехачу блогеран Халитов Хьасанан виъ цIийнах стаг а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристан Янгулбаев Абубакаран гергара 37 стаг а. Иштта лачкъийна йигира Атиева Мадина а, вийна 29 шо долу Товсултанов Iадлан.


IADAT боламо билгалдаккхарехь, зорбане яьккхина статистика юьззина яц, хIунда аьлча, лечкъийначийн гергарчара а, бевза-безачара а кхачийна генара теллина информаци бен цу тIехь цахиларна.


Нохчийчоьнан Iедалхоша даим а санна бакъ ца до махкара бахархой шаьш лечкъор. ТIаьхьо лечкъийна бигина аьлла, дIакхайкхийначу наха видео тIехь дуьйцу, шаьш дийна а ду, харцо лелийна а яц шайца бохуш.


"Оха мониторинг ечу юкъанна хIара бутт кхин дIоггара жигара бацара нах лекчкъорна. Шо доьрзуш даим санна муьлххачу а бахьанаца нах идор чIагIдо, хIунда аьлча, Кадыровн ницкъхошна шайн балхахула статистикан сурт хIоттон ма оьшу", - дIахьедина Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь IАДАТ боламан векалша.


Статистика зорбане яккхале хьалха цIа бахкийтинарш тептаре ца язбина шаьш аьлла, билгалдоккху жигархоша.


Нах лечкъийна бигале хьалха Нохчийчуьрчу хьаькамаша социалан машанашкахула видео яржийра, царна чохь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана боху, "харц къамелаш дечарна" таIзар ду кестта дийр долуш. И къамел деш яьхна хилла видеоматериалаш гайтира меттигерчу телехьожийлехь, яржийра инстаграм-агIонехь а, амма дIаяьккхира видео де даьлча.


Нохчийчохь нах лечкъийна хилар лач хьахийра Кадыровс йоьдучу пресс-конференцехь, амма тIе ца дитира цунна юкъара ша хилар. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, и нах идорна тIехьа хила тарло, "блогерша а, бакъонашлархъярхоша а вас йина нах". 


"Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юрист Янгулбаев Абубакар тешна ву гергарнаш бовдийначу наханна хилларг лечкъадар пайде дацарх. Сихха хаамийн гIирсашкахула, бакъонашлаъярхошкахула официалан хьукматашка лехамаш болабайта беза, иза ца дахь, лечкъийначех хIуъа а хила тарло, аьлла цо.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus