Мы в Telegram
Добавить новость

В парках Подмосковья побывало более 2,1 млн человек за неделю

Кострома: Столичные мультфильмы завоевали любовь китайской аудитории

Дептранс: Горожане могут отправиться в поездку с пяти современных московских автовокзалов

Месяц чистоты и благоустройства завершился в Подмосковье



World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Къаьсттина бусулбанашна хала ду". Iазап хьегарх Gulagu.net проекте  дийцинчу нохчица интервью  

ГIадужу-беттан юьххьехь йиллинчу хьосташкахь видео гучуелира Саратоврчу тутмакхийн ОТБ-1 дарбан цIийнехь а, кхин а масех Оьрсийчоьнан регионашкарчу колонешкахь а гIело латтош гойту. Материал ара а яьккхина, Gulagu.net проектан жигархошка дIакхачо аьтто белира тутмакх хиллачу программистан Савельев Сергейн. Видео зорбане яьккхинчул тIаьхьа Савельев а, цунна тIаьххье Gulagu.net проект вовшахтоьхна Осечкин Владимир а федералан лехамашка велира. Бакъду, эххар а прокуратуро юхаийцира хьалхарниг лаца бина сацам.

ГIелоярх латкъамбеш кехаташ хIиттош проекто гIо динчех цхьаъ ву Иркутскерчу номер 1 йолчу СИЗО-хь латтийна Нохчийчуьра вахархо Беличков Муслим. Кавказ.Реалиин корреспонденто къамел дира Беличковца Иркутскерчу изоляторехь долчу низамех а, иерархех а, Iазапийн режимех а.

- Хьо стенна лаьцнера?

- 2004-чу шарахь Соьлжа-ГIалара Москва дIавахара со, цигахь бизнес лелош висира. Барбершопаш яра ас хIетахь лелош, 2018-чу шарахь Иркутске дIавахара со сайн франшиза шоръян дагахь. Мангал-баттахь Москва юхавеара со, ткъа Гезгамашин-беттан 25-чохь лецира со, тIаккха Иркутске дIа а вигина, номер 1 йолчу СИЗО-хь чувоьллира.

И дерриг а нисделира, шайн бахам вовшашна юккъехь бекъа ца лучу цхьана майрчунна а, зудчунна а тIехула. Со бехказа а ваьккхина, лаьцначуьра дIахецначул тIаьхьа, суна ца лаьа и нах дагалеца а. Кхаа шарахь бала хьийгира ас, и тоаьр ду суна кхин дIа цаьрца гIуллакх ца даийта. Цхьа хIума эр ду ас, суна дуьхьал тоьшаллаш динчул тIаьхьа лаьцна вара со. И динарш а бара нохчий.

Оцу гIуллакхна юкъахь виъ вара тхо, шиммо мукIарло дира суна дуьхьал, цхьаъ къар ца велира. Важа шиъ жоьжахатехь [бала хьегар]​ чекхваьккхинера, цу шиммо ца лайнера и Iазап. Цхьаверг жимма сатохалуш хуьлу, цхьаверг эгIаза хуьлу, цундела ас бехк ца буьллу, суна хаьа, цаьрга хьегийтинарг.

Изза тIедожийра суна а. Соьга а мукIарло дайта гIиртира уш, амма ас кхелехь бен къамел ца дира. И дерриг а чуьра дуьйна гуш волу со ца тешара талламах. Суна хаьара ас аьлла муьлхха а дош суна дуьхьал доккхур дуйла. Суна гуш дара, цигахь муха хьийзабо нах, царна хуьлург.

 

ХIора стагана хаа деза, Оьрсийчоьнан Конституцехь йолчу 51-чу арктилах лаьцна (51-чу артиклехь яздина ду, ша шена дуьхьал а, шена майрчунна, зудчунна дуьхьал, шен гаргарчарна дуьхьал тоьшаллаш дан декхаре вац цхьа аьлла.- Редакцин билгалдаккхар.). Суна цунах хууш дара. Суо лаьцначул тIаьхьа сайн фамили а, цIе а, адрес дийцира ас - кхин цхьа дош соьгара даккха ца делира цаьрга.

Дукха адвокаташ бара сан, амма гуттар а, къаьсттина суна тIехь ницкъ бича, тIе ца буьтура уьш. Йиттина суна тIехь ларраш хилча, СИЗО-н белхахоша даим а бахьанаш лоьхура, уьш суна тIе ца бита- бани чохь ву, йа волавала уьйтIа ваьлла бохуш. Оцу йоллучу хенчохь ас латкъамаш бора массо а инстанцешка, дуьйцура цигахь лелочух. Даим а цхьа жоп догIура суна дуьхьал, факташ карийна яц олий, сан дегIа тIехь мел оьшу факташ йоллушехь.

- Хьуна тIехь ницкъбан маца болийра?

-2018-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц - оцу йоллу хеначохь гIело латтийра. КIиранах цкъа, йа кIиранчохь шозза-кхозза, церан дог-ойле хьаьжжина хуьлура и. Вуьшта психологин тIеIаткъам денна латтош бара. Йеттар шина-кхаа сахьте дахдала тарлора, юкъ-кара пхеа-ялх сахьте а долура.

- Психологин тIеIаткъамбар бохург хIун ду хьан?

- ЛартIахь волчу стаге лалур доцург дуьйцу хьоьга. Уггар хьалха сан динца доьзнараг, тIаккха доьзалца, сан ден-ненан сий дойура. Магийта йиш йоцу хIуманаш дуьйцура цара. Къаьсттина хьо вихкина, меттаххьан а йиш йоцуш волчу заманчохь хала ду и тайпаниг лан. Къам аьшнашдора цара. Нохчех лаьцна даим а олура, шу мостагIий ду. Цунна дуьхьал жоп лора ас, оха спортан турнирашкахь толамаш бохучу хенахь, тхо сийлаллин тӀегӀана тIехь лаьттачу хенахь, тIаккха-м Оьрсийчоьнан бахархой, патриоташ хуьлу тхох, цхьа хIума хуьллушехь - тхо уггар а вонаш хуьлу, тхох акхарой йо аша.

Ахчанаш дохура цара сан хIусамненера, Iазапаш совцор ду шаьш бохуш. ГIело латточу камерачуьра дехьавоккхур ву бохуш, сох пIелг Iуттур бац шаьш бохуш. Цхьана ханна совцура уьш гIело латточуьра, амма шайна оьшург кара ма кхеччи...

Уггар а инзаре дерг эра ду ас: хьакха яайора бусулбанашна. ДIа а боьхкий, бага хьакхин жижиг Iуьттура, тIаккха скотчца бага дIайоьхкура, Iовша а Iоьвшина, жижиг чудахийта. Бусулбачу зударшка ламазаш ца дойтура. Къаьсттина бусулбачарна хала ду.

- Муьлш бу и нах, хьуна тIехь Iазап латтийнарш?

- Оццу СИЗО-хь латтош хилла нах бу. "Разработчикаш" олу царех. Цара гIело латторна дуьхьал, администрацино озабезамаш бора цаьргахьа. Тхо бахьанехь телевизор а, холодильник а лора. ЦIера стаг тIаьхьавеача, ехха хан лора царна, денна телефон тохуьйтура. Кхаа минотана бен къамел дойла ца хуьлура сан, ткъа цара сахьташкахь дора. Кхинболу тутмакхаш дийно сарралц шайн когаштIехь латта безаш хуьлура, ткъа уьш хевшина а, маьнги тIехь буьйшина а буьтура. Юург кхоьхьура царна, даим а цигаьркаш хуьлура цаьргахь. Контрактна куьйгаш яздора цара, шаьш администрацина болх бийр бу олий. Церан болх бар - Iазапаш.

 

Дукхахболу "разработчикаш" хенаш йиттина бара, уьш лагерехь биса безаш бара. Ткъа цуьнан метта уьш СИЗО-хь хуьлура, низамашкахь ма дац иза. Цхьа кехаташ кечдора царна, тешаш бу олий. Шерашкахь СИЗО-хь муха латтор ву теш?

Оцу йоллу хеначохь куьйгех гIоьмаш тоьхна латтавора со. 2021-чу шеран Дечкен-беттан юккъехь бен дIа ца ехира уьш. Цхьаммо-шимммо еттачу хенахь мел а сатохало хьоьга, амма кхоъ-виъ хьох тийсалуш велахь, са детта хала хуьлура, хьан куьйгаш дихкна долуш муххале а. Маьнгех дIавоьхкура хьо, шайна бIегIийла долччу агIор вах а веш, тIакха етта буьйлалора. Тоькан серешца, йа хи дохден гIирс бохбора хьуна тIехь, сан дегIа тIехь муонаш ду. Цара олура: "Хьуна хаа ма хаьа, стенна етта хьуна? Талламо бохург а дай, хьайн кхоллам аттачу баккха, тIаккха дерриг а сацор ду. Наггахь дош а ца олуш еттара. Кеп-кепара хьулура хIоразза а. Цхьана тайпа ца хуьлура ницкъбар, хIоразза а цхьа керла хIума юкъадоккхура.

Цигахь масех стаг хуьлу хьуна тIехь гIело латтош, кхин а масех стаг хуьлу- церан "гIоьнчий", цара когаш, куьйгаш лаьцна латтадора, кховдо еза хIума дIаса а кховдайора. ХIора "разработчикан" шишша "гIоьнча" хуьлура. Гуш дара, цхьаболчу "гIоьнчашна" ца товра шаьш лелориг, кхерийна бара уьш. Ткъа еттарш, уьш гуттар а наркотикаш тоьхна хуьлура. Церан самукъадолура шаьш лелочух. ЛартIахь волчу стага лелон хIуманаш дацара уьш.

Дукхаболчу ницкъбечара хих дуьзна шишанаш деттара, лараш ца йисийта. ДоIах, жаннаш лоьлхуьйтура хин шишанаша. Царех лараш мел а кIезиг юьсу.

Дукха хьолахь, суна еттачу заманчохь со суо хуьлура. Йиттина цхьа стаг чохь волчу камера чу кхусура со цхьа наггахь, суна иза гайта, суна Iаткъамбарца.

- Хьуна тIехIуттуш стагга а варий СИЗО-хь?

- Суна гIо деш, суна гIортор латтош нах а бара. 1959-чу шарера Султанов Николай Юрьевич цIе йолуш цхьаъ вара. Иза бахьана долуш каг ца луш висира со. Массо а агIор гIо дора цо суна. Белш белшех гIортийна, ас дийриг а деш, соьца чекхваьлла стаг ву иза. Даим а позитивехь хуьлура иза, олура соьга: "КIант, воха ма вохалахь, кхин дIа а ваха маьIна хир ду вайшинна".

"Разработчикех" со тийсавала воьлча, соьца цхьана летара иза. Сан дог ир-карахIоттон дешнаш карадора цунна. Вон ойланаш хьийзара коьрте, ирхъоллавала, йа пхенаш хедон дага а оьхуш. Кхин дIа баха дахаран Iалашо йов цигахь дукхачу нехан, "разработчикаша" лелориг дукхачу нахе ца лало. Уллохь цхьа накъост велахь, тIаккха гIора хуьлу дерриг а лан. И цхьа стаг, Султанов бахьана долуш, лайра ас дерриг а. Иза ца хиллехь, ас лечкъа ца до, эхь а ца хета суна ишта ала, со кагвелла хир вара.

Цунна а еттара, йоллу цергаш яьхнера. МукIарло де бохуш, хьийзавора иза а, амма тIаьхьо, цхьа шо хьалха аравалийтира иза, бехказа а воккхуш.

Тхох дог лозуш СИЗО-н белхахой а хуьлура. Тхуна гIо деш, гергарчаьргара цхьаъ схьакховдош меттиг а нислора, шайна а кхераме доллушехь.

Со араваьллачул тIаьхьа инстаграмехь аккаунт йиллира ас, хIинца оцу белхахоша яздо соьга, муха ду хьан гIуллакхаш бохуш, хоьтту.

- Хьайна дуьхьал тоьшаллаш динчу нохчашкахьа дог-ойла муха яра хьан?

- Юьхьанца суна хала дара царех кхета. Ас хеттарш дора: муха? Ас дийр дацара иштаниг, бохуш. ТIаьхьа, сайна ницкъ бан боьлча, жим-жима царна гечдан волавелира со, эххар а гечдира ас царна. Бакъду, халахетара, цхьаъ къар ца велла, важа шиъ стенна дуьхьал ваьлла суна, бохуш. ТIаьххаьра а вовшашца чIогIа дIаийра тхо.

Кхечара аьрзнаш дечу хенахь цхьа нах оьхура, кхерамаш тийса, цаьргара латкъамаш дIабохура. Тхоьгара веангара дIа ца дохура, тIаккха а тхо бехке хуьлура. СИЗО-н администрацига хоьттура: "Массарна а дерриг а товш ду, ткъа оцу нохчашна хIуммаъ мегаш дац?"

– Gulagu.net проекте Iазапех лаьцна ахь дийцинчул тIаьхьа, цхьа а тIаьхьало йоцуш хиларий?

- Стенна делахь а, дуккхаъчара ло и хаттар. Карарчу хенахь сан цхьа а тIаьхьало яц. Со а Iовдал ма воций, со Iедална дуьхьал вац, сайгахь гIело латтийначийн цIераш яьхна ас. 2019-чу шарера схьа дуьйна зIенехь вара со Gulagu.net проектаца. Массо а аьрзнааш, тхайгахь мел хилла суьрташ, видеош, таIзаре хIоттийначу цхьаммо кхелехь шен пхенаш хедош яьккхина видео а, кхиндолу тоьшаллаш а дIалора оха.

- Мел хийцина хьо изоляторехь латторо?

- Жима волуш сувна хетара, сол а чIогIа цхьа а вац, со цхьангга а эшалур вац олий. Цига кхаьчча кхийтира со, хьо мел чIогIа спортсмен велахь а, стаг кагвойла ду. Коьртаниг, маьрша ваьллачул тIаьхьа, паргIат нехан бIаьргаш чу хьажа а, корта айббина лела а йиш хилар ду.

Со чохь волчу хенахь, книгаш язйора ас. Сайца мел хуьлург охьаяздеш, сайн цIеран метта кхин цIе а язъеш. Хьалхара книга язйина ваьлча, сан камерех цIе тесира. Кхеле ваханера со, цигара юхавеача элира соьга, сан камера яьгна. Бехкзуламан гIуллакхца доьзна хилла сан аьрзнаш а, ас язйина книга а егира. Дерриг а, лачкъийна хIума а доцуш, ма-дарра билгалдьаккхинера ас цигахь. Сайна тIехь ницкъбинчийн цIераш тIеязйина кехат а дара сан.

ТIаккха кхин а цхьа книга язъян волавелира со, ма-дарра ца яздора ас оцу тIехь, хIунда аьлча, хаьара суна, юха а цIе тосур юйла.

ХIара дерриг а дирзича, сайн мел долу гIуллакх дIа а нисдина, книга кхин дIа язъян волалур ву со. ЧIогIа лаьа суна, иза зорбане яккха. Книгаш арахоьцучу цхьаммо хIинцале а тIелаьцна сан книга. Иза муха книга хир ю дуьйцуш, масаллин кеп дIаяхьийтинера ас. ЧIогIа резахилла уьш, со язйина валаре сатуьйсуш Iаш бу.

***

Дагестанан цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думехь депутаташ болчу Гаджиев Iабдулхьаькима а, Умаханов Сайгидпашас а кехаташ дIахьийтина Оьрсийчоьнан юстицин министралле а, ФСИН-е а, Саратовн кIоштарчу туберкулезан дарбан цIийнехь гIело латторах Gulagu.net проекто зорбане яьккхинчу материалан хьокъехь. Iазапаш хьегийтинчарлахь бу Дагестанера бахархой а. Хьийзийначу махкарчу тутмакхех лаьцначу информацех комментарий йина яц Нохчийчохь.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Головченко раскрыл, как вырос товарооборот России и Беларуси в начале 2024 года

Суд приговорил экс-главу ФГБУ ЦЖКУ к 9 годам по делу о взятке в 65 млн рублей

Главком ВМФ России подтвердил визит российских военных кораблей на Кубу

Столица — это прежде всего лицо нашей страны. Надо радоваться, как она развивается!

Музыкальные новости

"Евро-Футбол.Ру": "Спартак" летом хочет приобрести вингера

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Более 4,4 млн пенсионеров старше 80 лет получают повышенные выплаты

Фильм для всей семьи «Голос из космоса» при поддержке Детского радио

LISA FM Александр Белоносов выпустил альбом «Родина Сердца: Дневник Психолога»

Новости России

Суд вынес приговор бывшему главному коммунальщику Минобороны. Признан виновным

Минтранс рассказал об обстановке на дорогах Подмосковья утром 11 июня

Акции «Сбера» незначительно растут после публикации отчета

Синоптик Позднякова: за ночь в Москве выпало 10 миллиметров осадков

Экология в России и мире

Куда россияне теперь ездят на отдых: составлен реальный список стран и российских регионов, пользующихся спросом

Захарова: армянам - нота, апшеронцам – «да»

Пошив костюма по индивидуальным размерам

Chloé, коллекция Resort 2025

Спорт в России и мире

Испанец Алькарас выиграл Открытый чемпионат Франции по теннису

Каспер Рууд: «Не буду выступать на турнирах перед «Уимблдоном», но на нем, конечно, сыграю»

В России заговорили о Елене Рыбакиной после смены теннисисткой гражданства

«Мирра Андреева обладает удивительной выживаемостью» // Олимпийская чемпионка по теннису Елена Веснина об итогах женского Roland Garros

Moscow.media

Моя кошка Валлетта

В Карелии арестовали учителя-педофила

В Шебекино подорвались на мине трое бойцов самообороны и оператор “России-24”

Вечерело...











Топ новостей на этот час

Rss.plus






Экспорт СПГ из России в январе-мае 2024 г. вырос почти на 4%

Минтранс рассказал об обстановке на дорогах Подмосковья утром 11 июня

Дорожники Подмосковья отремонтировали пешеходные ограждения в 7 округах

Акции «Сбера» незначительно растут после публикации отчета