Мы в Telegram
Добавить новость

Юрист Палюлин: владельцы недвижимости не обязаны проводить переоценку регулярно

В Шаховской проведут капремонт участка автодороги по улице Базаева-Садовая

В Подмосковье арендовали помещение для запуска производства за 1 рубль

Более 31 тыс старых автопокрышек собрали в Подмосковье



World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Тутмакхашна ницкъ беш гайта видеорегистраторш лора тхоьга". Иркутскерчу №1 изоляторехь лелларг

ТIаьххьарчу шерашкахь Иркутскерчу №1 талламан изоляторехь чубоьхкина Iийначех массех стаг карийна Сибирь.Реалиин журналисташна. Цара бакъдо оцу изоляторехь бIеннаш божарий хьийзош а, уьш "стен беш" а хилла хилар.

Иркутскера СИЗО-1 тутмакхаш "боршаллах боху" а, царна къизалла гойту а меттиг ю, цигахь тутмакхашка шайгга шайн накъосташна тIехь гIело йойту, аьлла хаам баржийра хьалхо бакъонаш ларъен Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира. Цо бовзийта болийна Саратовн, Владимиран, Иркутскан мехкашкарчу набахтешкахь изза къизалла латтош хилар гойту видеоматериалаш – 40 гигбайт ю уьш. Набахтешкахь терго еш хIиттийначу камерашкара, цигарчу белхахоша лелочу видеорегистраторшкара ду и тоьшаллаш.

Осечкина чIагIдарехь, Федералан таIзар кхочушдечу урхаллин хьукматашкахь гIелойо тутмакхашна, "стен бо" уьш ФСБ-но а, набахтийн урхалло а (ФСИН) къайлах латточу тутмакхаша-агенташа. Оцу нахе шайгга йохуьйту шаьш дечух видеош, ткъа оцу гайтамех пайдаоьцу лецнарш а, тутмакхаш а шайна тIехьерчочу харц бехкех къерабеш, цаьргара ахча доккхуш я набахтехь мутIахьалла чIагIъеш.

Иркутскерчу №1 изолятор чохь ваьллинчу совдегаро Матушкеев Владимира дийцира, ша шарахь сов "пресс-хатехь" латтийра (пресс-хата – стеган амал, могашалла кагъеш, иза къарвеш чувуллу набахтера къайлах чоь – ред.), "стен" цавайтархьама резахилира бIе сов тутмакх хьийзош дIахьочу барамашкахь дакъалаца, аьлла. Ша а, шеца хиллачу агенташа а дечун куьйгаллехь вара изоляторан оперативан урхалхо, боху цо.

"Со шарахь сов изоляторан "пресс-хатехь" Iийра, дакъалоцура нах хьийзош. Кхачу лучу Iуьргехула (набахтин неIарах даьккхина Iуьрг- ред) оперативан белхахоша Голиков Денисе видеорегистратор дIалора, цо я тхох кхечо дIаяздора стаг хьийзош, иза "стен веш". Оха видеорегистратор юхалора оперативан белхахошка, "компромат вовшхтухуш бина болх юхакхачабора", - дуьйцу Матушкеева.

"Видео оьшура тутмакхна дуьхьалдаккха хIума хилийта, цуьнга, шена юьхьIаьржо нахала йолийла ца лаахь, шега ден аьлларг дерриг а кхочушдайта. Набахтерчу кхечу тутмакхашна иза "стен винийла" хиича, иза "дакъазбаьхначийн тобанах" дIакхета. Цунна ша набахтехь я изоляторехь мел йоккхучу хенахь уггаре боьха, хала, ирча болх бен латтор бац", – билгалдоккху набахтера мукъаваьллачу Матушкеева.

Шех лаьцна иштта боху цо: "ХIаллак ца хилархьама, суо "стен цавайтархьама" ас хIора кIиранах оперативникашна, набахтин урхаллин белхахошна 30 эзр сом лора. "Коьрта разработчик" (гIелоечу тобин лидер – ред.) Голикова Денис а, кхиболу гIелоярхой а догIмашца онда латтийта, царна кхача а, стероидаш а эца кхин а 30 эзар сом а лора ас", – дагалоьцу Матушкеев Владимира.

Цо хьахийначу Голиков Денис – иза мукъаваьлла набахтера – ша а дийцира хьалхо Gulagu.net проектна, ша къастийра Иркутскерчу №1 изоляторехь оперативан белхахочо наханна еттийта, хьийзо, аьлла. Хан тоьхна яьлча набахте дIахьажо веззашехь, Иркутскерчу набахтехь витина хилла иза – тутмакхашна гIелояйта.

Gulagu.net проекто араяьккхинчу цхьана видео чохь Голиковс боху: "Иркутскерчу СИЗО-1 со 56 кийла волуш кхаьчнера, I73 сантиметр ву со, вустийра 117 кийлане кхачош".

"Хьийзош болчу нехан ахчанах кураторша-оперативан белхахоша стероидаш а оьцуш, бIотIа йина цунах. Цуьнгара леррина дIадаьккхина адамалла наркотикашца, таIзар ден машен йина цунах стероидашца", - дуьйцу фильман автора Осечкин Владимира.

Бакъоларъярхошка а, адвокате Севастьянова Еленига а иштта дуьйцу Голиковс:

"Камери чохь витира со "гIелоярхо", стаг кагвархо санна, латтавора Талламан комитетерчу белхахойн буьйранца кхоьллинчу Иркутскерчу №1 изоляторан "пресс-чоьнашкахь". 30 "кагвархо" вара "пресс-чоьнаш чохь", талламчаша шайца "болх бан лууш воцург" хьажавора тхуна тIе, таIзар дайта я "стен ван". Тхуна тIехь дара иштачаьрга "мотт бастийтар", талламчашна оьшу дареш дайта уьш кечбар. Цунах суна кхочург дара сан "сий цахьадар", талламчас – зуда яра иза – ша суна УДО (хенал хьалха набахтех вукъаваккхар - ред) нисйийр ю бохура. Цо етта, дареш дайта "белира" соьга тутмакхаш Павлов а, Глухих а, Рязанцев а. Цо аьллера соьга адвокатна Дмитриев Дмитрийна етта а, иза ша тIекарло латтош болчу тутмакхашца цхьаьнакхета веъча".

Адвоката Дмитриевс юридикан накъосталла латтош хилла юьйцучу хенахь набахтехь гIело лайначу  Бакиева Тахиржонна а, Кежик Ондарна а. Шина а тутмакхо шайна ца оьшу адвокат Дмитриев, аьлла дIахьедира "кагвархошка" шайна ницкъ байтинчул тIаьхьа.

"ГIело тIеэцначу тутмакхашка дареш яздайтора шаьш динадоцчух лоций, я цхьанна тIелейтора. Аьлча а шайна, я кхечарна дуьхьал аьшпаш буьттуьйтура. ГIело еш яьхна видеош – уьш копроматаш яра, латтайора, эшначу хенахь стаг тутмакхашна хьалха юьхьIаьржа хIоттон", – чIагIдо Голиков дешнаш набахтехь хан яьккхинчу Матушкеева.

Осечкин Владимира бахарехь, Голиков санна волчу иттех сов "кагвархочо" а, изоляторехь болх бечу кхаа белхахочо а, гIело лайначу 30 сов стага а дечу тоьшаллашца, Иркутскерчу №1 изоляторехь хьийзийна лаххара а 400 тутмакх.

"Оцу 400-ннах бIе муххале а "стен вина", маьттаза хьийзийна, видеош яьхийтина опративан белхахоша набахтийн урхаллин (ГУФСИН)  регистраторшца, видео тIе а йоккхий, регистратораш набахтин белхахошка юхалуш хилла Голиковс а, и санначара а", – чIагIдо Осечкина.  

Бакъоларъярхочун дешнаш бакъдо кхечу цхьана стага а, набахтехь хан текхна ву иза, амма цунна ца лиина ша вовзийта. 2014-чу а, 2018-чу а шерашкахь хилла иза юьйцучу изоляторехь хан хьош, кхаьбна Приангарьерчу ИК-14, ИК-15 набхтешкахь. ТIаьххьарчу набахтехь 2020 шеран Охан-баттахь гIаттам эккхийтира тутмакхаша. ГIаттам хьаьшначул таьхьа, гергарчара дийцарехь, оцу набахтера тутмакхаш дIасабуьгуш хилла Иркутскерчу №1, №6 изоляторшка, цигахь царна етташ хилла, гIаттаман хьалханчаш цаьрга дIабийцийта.

"Со шозза кхоьссира "кагвархой" чохь болчу камерашка. Амма соьгара даккха хIума дацара – къоланаш дарна чувоьллинера со, изоляторехь Iара кхел ийрзина яллалц. Иза иштта доллушехь, еттара суна "пресс-хIусамехь". Соьгара царна ца оьшура цхьа а дареш, шайгахь IаьIначу агрессех мукъабовлархьама еттара. Цхьаьнгара дареш даха эшча-м цара ондда гIело йора стагна – сахьташкахь мохь хьоькхура чувалийначо, ша вуьйш волуш санна. Цигахь муьлхха а бехк тIеоьцур бу ахь, деккъа дIа гIело шайна ечара хьоькху мохь хьайна хезча а. Еттара-м стенна дуьйцура? ", - дагалоьцу тутмакхалла лайначо.

****

Саратов-махкарчу набахтийн туберкулезан дарбан хIусамехь яьккхина видео Осечкина арахцначул тIаьхьа набахтийн урхалло зуьйш ю и меттиг. Талламан комитето айдина бехктакхаман ворхI гIуллакх. Шен лаамехь дарж охьадиллина Саратовн махканчу набахтийн урхаллин куьйгалхочо.

Амма дац толлуш Иркутскерчу №1 изоляторера а, Иркутск-мехкан набахтийн урхаллийн кхечу хьуматашкара а хьал, цхьа а вац жоьпе озийна.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Ru24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Ru24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Ru24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Ямальский горнолыжный курорт вошел в число крупнейших туристических инвестиционных проектов страны

Решение ЦБ РФ по ключевой ставке и укрепление рубля. Обзор финансового рынка от 26 апреля

Московский ветеринар спас зрение кролику, которому грозило удаление глаза

Юрий Лоза объяснил, почему Чулпан Хаматова критикует Россию

Музыкальные новости

Более 100 студентов посетило СЛД Курск в рамках акции «Неделя без турникетов»

РОСГВАРДИЯ ОБЕСПЕЧИЛА ПРАВОПОРЯДОК ВО ВРЕМЯ ВО ВРЕМЯ ФУТБОЛЬНОГО МАТЧА «ЦСКА» - «СПАРТАК» В МОСКВЕ

Олимпиада по финансовой грамотности МГУ проходит при поддержке СберСтрахования жизни

Сбер подарил Орлу умный светомузыкальный фонтан

Новости России

Лучших сварщиков определили в Подмосковье в рамках конкурса профмастерства

Магия Лички: сможет ли тренер «Динамо» вновь обыграть фаворита сезона

Ищенко оценил вариант применения ядерного оружия РФ против Польши и Прибалтики

В Тирасполе стартовала акция «Георгиевская ленточка»

Экология в России и мире

Wildberries может выйти на рынок ОАЭ

Почему люди боятся обращаться к психиатру?

Дом, милый дом: участки под строительство от компании Родные земли, цены, отзывы

День Земли - каждый день

Спорт в России и мире

Камбэком обернулся матч вундеркинда из России перед стартом Еленой Рыбакиной в Мадриде

Потапова обыграла Шнайдер на старте грунтового турнира WTA 1000 в Мадриде

Линетт сыграет против Соболенко во втором круге турнира WTA в Мадриде

Свёнтек: я чувствую, что с каждым годом получаю всё большую поддержку

Moscow.media

Военные следователи провели очередной рейд по бывшим мигрантам в городе Армянске Республики Крым

Строители мостов и дорог удостоены государственных наград

На западном объезде Южно-Сахалинска строят первый участок

Военные следователи провели в Судаке проверку лиц, не вставших на воинский учет











Топ новостей на этот час

Rss.plus






Гуцул потребовала отставки глав МВД и генерального инспектората полиции Молдавии Эфроса и Чернауцану

Отель под брендом Cosmos Smart открылся в Москве

Интервью с режиссером Михаилом Мироновым — о "Ничего не бойся, я с тобой" и работе с Иваном Ургантом

Россияне перед майскими активнее покупали лодки и туристическое снаряжение