Мы в Telegram
Добавить новость

Mehr удалило информацию о том, что президент Ирана в порядке

В Дагестане задержали мошенника, который обманывал мужчин на сайтах знакомств

В парке Москвы нашли тело школьницы

В США заявили, что Вашингтон не сможет внести разлад в отношения РФ и КНР



World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Авиценна" орден елла Кадыровна. Могушалла Iалашъярехь мехала дакъальцначарна луш ду и совгIат

Нохчийчохь дIайоьдучу Къилбаседа Кавказерчу терапевтийн форумехь мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна "Авиценна" орден елла, могушалла Iалашъярехь а, медицинан Iилманаш а кхиорехь а мехала дакъалацарна. СовгIат дIакхачийна Кадыровга тераптевтийн Iилманан а, медицинан а Оьрсийчоьнан юкъараллин куьйгалхочо, РАН-ан академико Мартынов Анатолийс а, Оьрсийчоьанн Юккъерчу федералан гонийн пульмонолога Малявин Андрейс а, яздо "Чечня Сегодня" агенталло.

"Регионехь тахана гуш долчу могушалла Iалашъяран хьоло тоьшалла до, Кадыров Рамзана мел боккха тергам бо, гIо латтадо могушалла Iалашъяран сферехь а, медицинан юкъараллехь а", - аьллачу могушалла Iалашъяран министран Сулейманов Эльханан дешнаш далийна интернет-ресурсо.

Карладоккху, Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана пандеми йолаеллачу муьрехь массарна а хезаш юьхь яьккхира, инфекцех шаьш баларна кхоьручу нахера. "Ишта а, вуьшта а шу лийр долуш ду, шайн хан тIекхаьчча, лимон а, моз а тухуш, хи мела, саьрмасекх тIе а кхоллуш", - хьийхира Кадыровс цамгарх дарба, 2020-чу шеран Зазадокху-баттахь.

Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, "кислород ца тоар мел хала хIума ду царна дIахаийтархьама аьлла, Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 26-чохь дIахьединчул тIаьхьа хийцаделира Нохчийчохь прививкаш ярца долу хьал.

Къона шераш шина тIамна юкъахь дIаихинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо 2004-чу шарахь схьаэцна ХIинжа-ГIаларчу бизнесан, низамийн институтан диплом – шен 27 шо долуш. Шо даьлча оццу доьшийлехь делла цунна кхин а цхьа диплом финансийн а, кредитан а факультет чекхъяккхарна.

ТIаьххье "гучудолу" цуьнгахь Iилманчин похIма а: 2006-чу шарахь хIутту экономикан Iилманийн кандидат, диссертаци - "ГIишлошъярхойн дакъошна юкъарчу бертах эвсара урхалла дар". Ткъа 2015-чу шарахь Iилманийн доктор хIутту иза Дагестанерчу пачхьалкхан техникан университетехь диссертаци яздарца - "Экономика йохийна регион меттахIоттор а, инвестицин-гIишлошъяран декъехь болх айбар а, урхалла дар а".

Кандидатан диссертацин куьйгалхой хилла техникан Iилманийн доктор, профессор Мелехин Владимир а, тахана экономикан Iилманийн доктор йолу Исматлова Шани а. Ший а ду тахана ХIинжа-ГIалахь хьоьхуш.

Плагиат, Iилман мехалла толлучу, хьакамаллехь болчу "Iилманчаша" дешарца лелийна таьжгенаш Iорайоккхучу "Диссернет" юкъараллин дац хеттарш Кадыровга. Амма царна хетарехь, вуно бегаш бевзаш нах хилла диссертаци яздинарш – агIонаш яьхна ю Колмогоровн математикан хьесапех, ткъа уьш яц экономисташа лелош а. Диссертаци яздинчо шеггахь бен доцу мухIар тоьхна нисло шен Iилман балханна.

29 шо долчу Кадыров Рамзанах 2006-чу шарахь шен веза декъашхо во Оьрсийчоьнан Iаламан Iилманийн академино (цуьнан декъа язло Iилманчаш а, уьш боцуш, цуьнан декъа баха лууш хуьлу уфологаш а, астрологаш а).

Кадыровх академик вина, оцу академин (РАЕН) вице-призидента Лагуткин Александра бахарехь, иза "деладенна, шен дахар кхерамна кIел а хIиттош, лечуьра бIеннаш-бIеннаш эскархой а, могIара нохчийн а кIелхьара бохуш хьийзарна".

Шена академикан статус ялар аьшнашка дохучу наханна жоп луш, Кадыровс дIахьедира 2016-чу шарахь, " РАЕН-ан куьйгалло цкъа а ца баьхна Iилманехь болх барна иза елла", аьлла (Американ Штаташа санкцеш кхайкхорца доьзна Инстаграмо дIакъевлинчу цуьнан агIонехь яра и комментарий).

Ала догIу, меттигера совгIаташ комаьрша доькъу мохк хилар ша Нохчийчоь. Республикехь таханенна ю еа тайпанара орден а, оццул мидалш а.

Коьрта орден ю республикехь мехкан куьйгалхочун ден, хIинца воцуш волчу Кадыров Ахьмадан цIарах орден. 60 грамм 750-тIегIанера деши доьду и ордан еш, бIе сов лепа деза тIулгаш ду гонах – рубин, сапфир, бриллиант (5 карат гергга тIулгаш). Бедарх Кадыров Ахьмадан сурт тIехь долу орден уллу мехаца. 2004-чу шарахь, Кадыров Ахьмад вийна кхо бутт бузуш юкъаяьккхина и орден.

"ЛартIахь дуй, пачхьалкхан бюджето кхобучу регионо могIара орденаш-мидалш юкъаяьхна ца Iаш, дешех, дезачу тIулгех дина лаккхара совгIат-васт арахецар? Хаамийн гIирсашкарчу суьрташа тоьшалла дарехь, Оьрсийчоьнан совгIател а лакхахь лелайо шайн бедаршца и "орден" Кадыров Рамзана а, кхечара а", - бохура "Совершенно секретно" газетерчу цхьана артикло ("Сепаратизман бриллиантан седарчий") 2011-чу шарахь.

Орден елла бу шуьрра бевза политикаш, хьаькамаш – Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан куьйгалхо Лебедев Вячеслав, Кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхо Патрушев Николай. Вуно дукха бу и орден кхаьчнарш, амма вац царалахь Путин Владимир.

Нохчийчохь тIом эвсара барна елла и орден регионехь эскарийн буьйранча лаьттинчу инарлина Трошев Геннадийна, махкарчу хьалхарчу тIамехь Ичкеригахьа хилла, шолгIа тIом болалуш Оьрсийчоьнехьа ваьллачу "Малхбале" батальонан куьйгалхочунна Ямадаев Сулимна (вийра иза Кадыров Рамзанца дов даьлча ша веддачу Iаьрбийн Эмираташкахь 2009-чу шарахь).

"Кадыровн орден еллачунна кхочучу низаман а , социалан гарантех" цIе йолчу низамца а догIуш, Нохчийчоьнан Iедалан хьукматашна чуваха некъ боьллу оцу ордено. Баттахь 5 эзар сом ло совгIат долчунна, иза велча, и ахча кхачадо доьзална.

2020-гIа шо доьрзуш Нохчийчоьнан Iедало ийцира Кадыров Ахьмадан 15 орден, хIораннан мах бара 320 000 сом. 10 миллион сом дайъира уьш йойтуш, тендерехь тоьлларг вара Киров гIалара дешин пхьар Гордин Иван.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Семейный форум впервые прошел в Лобне

Карусель в Сергиевом Посаде стала второй по посещаемости на прошлой неделе

На западном подъезде Ростова перекрыли часть трассы из-за ремонта

На Кремлевский бал и «Алые паруса» поедут 38 выпускников из ЯНАО

Музыкальные новости

Куклы Ульгэра учат детей и подростков ПДД: Россия, Культура, Театр и Дети

«Просто не афиширую»: куда пропала Волочкова с театральной сцены

Запорожская область становится флагманом импортозамещения в России

Бухалово и Париж: откуда появились необычные и смешные названия населенных пунктов в России

Новости России

Волгоград на прошедшие майские выходные туристы выбирали наравне с Сочи

Семейный форум впервые прошел в Лобне

Якутия на фестивале «Будущее в цветах» представила клумбу с цветочной инсталляцией «Мост в будущее»

Первенство Подмосковья по синхронному плаванию прошло в Чехове

Экология в России и мире

"Возрождение интереса к народному искусству и ремеслам в современном мире"

Лукашенко лоббирует интересы Алиева по изоляции Армении

Выездной Фотограф для всех желающих, ну и конечно Артистов и Музыкантов.

Азербайджанцев оправдали за убийство спортсмена Евгения Кушнира в Самарской области. Делом заинтересовался глава Следкома РФ А. Бастрыкин

Спорт в России и мире

Даниил Медведев идет третьим в чемпионской гонке ATP, Андрей Рублев — пятый

Рахимова прошла во второй круг турнира WTA в Рабате на отказе Таунсенд

Сумасшедший матч «Реала», Медведев опустился в рейтинге ATP. Главное к утру

Касаткина, Андреева и Кудерметова — в тройке лидеров в борьбе за звание лучшей теннисистки

Moscow.media

Бастрыкин затребовал доклад о насильственном отношении к детям из Москвы

Чесменская церковь.Санкт-Петербург

Новые наушники Nothing Ear и Ear (a) уже доступны

Сон











Топ новостей на этот час

Rss.plus






На Кремлевский бал и «Алые паруса» поедут 38 выпускников из ЯНАО

«Рыночек не порешал»: в Москве не разрешают строить микро-квартиры — придет ли запрет в Новосибирск

Путин после Пекина полетит в Пхеньян. Запад напряженно ожидает, что наш президент во время визита в КНДР объявит о выходе из режима санкций.

Благотворительное ледовое шоу для военных и их семей показали в Щербинке