Магамадов Салехьан а, Исаев Исмаилан а адвокат юха а тIе ца витина шина вешина, талламан изоляторан белхахоша и шиъ коронавирус кхетта ву аьалла, хаам бина, амма лоьрийн кехаташ ца гайтина.
"Оьрсийчоьнан ЛГБТ-маша"* юха а дехар дан лерина ю Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле (ЕСПЧ), Магамадовн а, Исаевн а бакъонаш Iалашъярхьама маса цхьа барамаш тIеэца аьлла, дIахьедина церан пресс-секретаро Бесцвет Тима.
Адвокат Немов Александр цхьана ца кхетийтина СИЗО-хь шина кIантаца. Дуьхьало яран бахьана дийцина, коронавирусан ун даьллачу цу шиннан лакхара дагар хилар. Кавказский узел хаамийн гIирсе дийцина цунах лаьцна адвокато. Дуьйцучу хьолехь и шиъ хиларх тоьшаллин кехаташ ца гайтина шена аьлла Немовс.
Магамадовна а, Исаевна а тIе адвакат ца витарх латкъам хьажийна Оьрсийчоьнан федералан таIзар кхочушдаран хьукмате (ФСИН) а, Нохчийчуьрчу церан урхалле а.
Камерех таръйинчу карцераш чохь латтош ву ши ваша, дийцина адвокато Немовс, ткъа и шиъ латтон хьелаш оьшуш ду кхечу бехкебечарна хIиттийначул а. Дукха хан йоццуш набахтешкахь латточу тутмакхийн бакъонаш ларъярехь терго латточу юкъараллийн тергамчийн комиссин декъашхой Магамадов а, Исаев а латточу изоляторехь хиларх дийцина адвокато.
"Вежарий дика Iаш бу, адвокаташа харц информаци яржийна, уьш кхерамехь бу бохуш аьлла, хааме даьккхира цара", - дийцина Немовс.
Цо билгалдаккхарехь, ОНК-н информаци мел бух болуш ю хаа аьтто бац, хIунда аьлча, иза СИЗО вуьтуш цахиларна.
Магамадов а, Исаев а лецира Чиллан беттан 4-хь Лахарчу Новгородехь. Полицехь масийтта сахьтехь бакъ ца дора и шиъ дIалаьцна хилар. Адвокато кегийрхой лачкъийна хиларх лаьцна дIахьедар деш кехат чуделлачул тIаьхьа бен бакъ ца дира Нохчийчуьрчу Iедалхоша, уьш шайн карахь хиларх.
Бютукаев Асланан тобанехь дакъалаьцна ву шаьшиъ аьлла, мукIарло дина Магамадов Салехьа а, Исаев Исмаила а, чIагIдо меттигерчу Iедалхоша.
Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.
Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) дIахьедар дира, Магамадов а, Исаев а лацаран бахьанаш довзийта шайна, ишта, царна тIе адвокаташ а, лоьраш а, да-нана а дита аьлла.
Лахарчу Новгородехь лаьцна вигинчу Нохчийчуьрчу шина вахархочун Магамадов Салехьан а, Исаев Исмаилан а гIуллакх таллар дехна федералан омбудсмено Москалькова Татьянас Оьрсийчоьнан инарла прокуратуре.
Оьрсийчоьнан омбудсменан пресс-гIуллакххоша хаам барехь, Зазадокху-баттахь Москалькован цIарах хаамийн гIирсашкахула диллина кехат кхаьчна шина кIентан ненера Магамадова Зараэра.