"Москвана тIехьожу" криминалан авторитет бехкевина нах байъарна
Талалмчийн версица, 2009-чу шарахь Измайловн шоссехь машенна тIе герзаш а диттина, ши стаг вийнера Исмаиловс.
"Прайм Крайм" ресурсан хаамашца, "Москвана тIехь терго латториг" вара Исмаилорв Рашад.
43 шо ду цуьнан, Азербайджанера схьаваьлла ву иза, «къуйн эла» ву аьлла, тIечIагIвина Исмаилов 2013-чу шарахь.
Хьалхо дийца даьккхира, Оьрсийчохь уггаре воккха тутмакхийн эла Гогичаев Эльбрус (Абуз) Къилбаседа ХIирийчохь кхелхина аьлла.
Москварчу Савеловскан кхело шогачу хьелашкарчу набахтехь даккха 14 шо хан туьйхира Абхазин вахархочунна Газзаев Кахина. 2009-чу шарахь авторитетан къу Иваньков Вячеслав (Япончик) вуьйш декъахь хилла ву аьлла, бехкевира иза.
Зазадокху-бутт бовш кхеле дIакховдийра "Краснодаран Кобан" гIуллакх. Криминалан гонашкахь "жоп луш" вара иза Кубанех, Адыгейх, Роствон кIоштах а.