Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

70 сов гIоьналлин организаци гIаьттина Навальный Алексейгахьа

Кхо кIира хьалха Владимирскан кIоштарчу колонехь мацалла кхайкхийначу Навальный Алексейна катоххий лоьраш тIебита аьлла, тIедожийна Оьрсийчуьрчу 70 сов гIоьналлин организацеша. Набахтера ара а ваккхий, иза дарбан цIийне охьавилла, цо билгалбаьхна лоьраш тIе а кхачийта, планехь доцу талламбар а дIахьо Владимирскан кIоштарчу набахтехь, федаралан таIзарш кхочушдаран урхаллера (ФСИН) схьа а эций, цунна дарба дар могушаллин министралле дIало аьлла, тIедожийна цара.


Кехатна куьйгаш яздинчарлахь бу - "Ночлежки" организацин куьйгалхо Свердлин Григорий а, "Подари жизнь" фонд йиллинарг а, цуьнан директор  Хаматова Чулпан а, Шергова Екатерина а, "Дети-бабочки" фондан Iуналхо Раппопорт Ксения а, гIоьналлин Хабенский Константинан фондан директор Мешкова Елена а, "Нужна помощь" фондан кхеташонан куьйгалохо Алешковский Дмитрий а, "Дом с маяком" фонд йиллина Мониава Лида а.




Зазадокху-беттан 31-чохь дуьйна мацалло хьоьгуш ву Владимирскан кIоштарчу Покров гIаларчу ИК-2 колонехь латтош волу Навальный Алексей. Шен могушаллана латкъам бечу цо тIедожийна шена лоьраш тIебитар. ХIинццалц Навальныйн могушалла шайн тергонехь латтийначу лоьраша бахарехь, ледарчу хьолехь ву иза.


"Техка а техкаш, камера чухула дIасалелаш ю стеган даьӀахкаш", - яздина Навальныйс, шен адвокатехула инстаграме яккхийтинчу постехь.




Навальныйца солидаралла гойтуш, Оьрсийчуьрчу 100 гергга стага мацалла кхайкхийна. Орцах бевлла оппозиционерна дуккха а арахьарчу пачхьалкхашкара политикаш а, культурехь къахьоьгу нах а, шайлахь Нобелан лауреташ а, Голливудера артисташ а цхьана болуш. Цара массара а доьху Путин Владимире, Навальныйна тIе лоьраш битар.


Охан-беттан 19-чохь ФСИН-о дIахьедира, Владимирерчу ИК-3 колонерчу дарбан цIийне дехьаваьккхина Навальный, аьлла.

Хаамийн гIирсаша "Iазапан" колони ю боху иза.




Хьалхо ФСИН-н белхахоша кхерамаш тийсинера Навальныйна, шаьш бертаза хIума яаор ю хьуна аьлла.


Оцу юкъанна Навальныйн агIончаша йоллу пачхьалкхехь митингаш кхайкхийна Охан-беттан 21-чохь. Оцу дийнахь Федералан гуламе шен рогIера дIахьедар дийр ду Путин Владимира.




Нагахь санна, нах митинге бовлахь, къепе йохорна шаьш бехкзуламан гIуллакхаш дохур ду дуьхьал аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуро а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло а 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus